From Wikipedia, the free encyclopedia
Тибе́т (тиб. བོད་, Вайли bod, Бё[К 1]; 西藏 Сицзан, неп. तिब्बत) — Йуккъера Азин кӀошт, лаьтта Тибетан акъарин тӀехь.
Тибет | ||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Экзотопонимаш | 西藏, Сицзан | |||||||||||||||
Географин регион | Юккъера Ази | |||||||||||||||
Мур | VII бӀешо — хӀинца а | |||||||||||||||
Локализаци | ЦХР къилба-малхбузе | |||||||||||||||
Бахархой | 10,5 млн | |||||||||||||||
Майда | 1,2 млн км² | |||||||||||||||
ЙукъайогӀу | Тибетан автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу (ЦХР) | |||||||||||||||
Цунна йукъайогӀу | У-Цанг, Амдо, Кам | |||||||||||||||
Махкахь пачхьалкх | ||||||||||||||||
|
||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Оьздангаллин а, динан а йукъаралла, билгалйоккху амалш ю тибетийн мотт а, тибетийн буддизм а.[1] Орамера бахархой — тибетхой.
1950 шарахь дуьйна[К 2] доккхаха долу дакъа ЦХР йукъадоьду, Тибетийн автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу провинцешкара автономин дакъош санна, царна йукъахь йекъна йу Тибетан историн областаш У-Цанг, Кам, Амдо. Лхаса — Тибетан историн коьрта шахьар а, Тибетан автономин кӀоштан административан центр а йу.
Тибет ЦХР йукъатохар тӀемца чубахаран жамӀ ду, хьал хӀинца а чолхе ду.[1]
Дхарамсалехь (ХӀинди) йу Тибетан эккхийна правительство, цуьнан корта 2011 шо кхаччалц вара Далай-лама XIV[2], дуьненахь уггаре дика бевзачех а, ларамечех а цхьаъ[1]. 2011 шеран 27 апрелехь, дерриг дуьненан тибетан диаспоро кхаж тасаран жамӀаца, корта хаьржина Лобсанг Сенге[3].
Майда (У-Цанг, Кхам, Амдо провинцешца) — 1,2 млн км².
Мехкан йуккъера локхалла: 4000 метр хӀордан тӀегӀан тӀера.
Тибетан махкара схьадолу цхьа могӀа даккхий эркаш, уьш чекхдовлу тӀаьхьа кхин къаьмнаш дехачу мехкашкахула, цундела алсама девза оцу къаьмнийн меттанашкара цӀерашца. Уьш ду Ярлунг-Цангпо (тиб.ཚངས་པ (Брахмапутра), Ма-Чу (Можа эрк), Джи-Чу (Янцзы), Сенге-Цангпо (Инд), Пунг-Чу (инд.: Арун), Наг-Чу (бирм.: Салуин), Дза-Чу (Меконг).
Уггаре дика Ӏаьмнаш: Цонаг, Нам-Цо, Ямджо-Юмцо, Мапам-Юмцо (Манасаровар), Мигриггъянгджам-Цо.
Йуккъератемпература: 14 °C июлехь, −4 °C январехь.
Йочанийн йуккъера барам: чӀогӀа къаьста, малхбузен областашкахь 1 мм январехь а, 25 мм июлехь а; малхбален областашкахь 25—30 мм январехь а, 80 мм июлехь а.
Пайден маьӀданаш: 126 тайп-тайпана минералаш, царна йукъахь бура, уран, аьчкан маьӀда, хромит, деши, литий, боксит, цӀаста, кӀора, туьха, слюда, гӀели, мехкдаьтта, кхин а.
Тибетехь ю ламанан климат дийнахь-бусий чӀогӀа температураш а лесташ, шортта мелхан серло а йолуш. Тибетан къилбан а, къилбаседан а температурийн башхалла чӀогӀа йоккха ю.
Уггаре дика климат ю къилба-малхбален Тибетан кӀажошкахь. Иштта дика климат ю Лхаса а, Шигадзе а гӀаланашкахь. Лхасехь шеран йуккъера температура ю +8 °C, Шигадзе +6,5 °C, ткъа къилбаседехьа, Тибетан акъарин тӀехь а, Тибетан къилбаседехьарчу декъехь а, шеран йуккъера температураш 0°С лахара ю; и областаш ю Гуттаренна гӀура йолчу зонехь.
Тибетан дукхаха болу бахархой беха Лхасера Шигадзе кхаччалц кӀоштахь а, Тибетан акъарин малхбален йисттехь а; къилбаседа а, йуккъера а, ткъа иштта Тибетан малхбуза областашкахь а адам кӀезиг ду.
Ламастаца Тибетан мохк боькъура провинцешка У-Цанг, Кам, Амдо, цу тӀе хӀинцалера Тибетан автономин кӀоштан мехкан йукъайоьду У-Цанг а, Каман малхбузен дакъа а, ткъа Каман бисина мохк а, Амдо регионан мохк а бекъна Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу провинцешна.
Цийчоьнан Ӏедало Тибетан мохк бекъна лахарчу административан дакъошка:
Тибетхой коьртаниг къахьоьгуш бу йуьртан бахамехь (даьхнийлелорехь). Тибетан махкахь беха цийхой бу урхаллехь, махлелорехь, хьашташ кхочушдаран секторехь. Иза доьзна ду, Тибет, Цийчоьнах дӀатохале, къаьсташ хилар экстенсиван тайпана аграрин экономикица. Цийчоьнан правительствос кхуллучу керлачу отраслашна, этносан тибетхошна йукъахь говзанчаш бацара.
Тибете кхаьчна дуьххьарлера керстанаш бара несторианаш, церан ларраш а, йозанаш а карийна Тибетехь. Уьш иштта дара Шира Ордора Мункен лагерехь, цигахь 1256 шарахь къамелаш дира Карма Пакшица (1204/6—83), Карма Кагью ишколан куьйгалхочуьнца.[4][5]
XVII—XVIII бӀешерашкахь Руман-католикийн иезуиташ а, капуцинаш а оьхура Европера. Цхьаболчу Ӏилманчаша лору, португалхойн диндаржораш де Андраде Антониу а, ваша Маркеш Мануэл 1624 шарахь, уггаре хьалха кхечира малхбузен Тибете, уьш тӀеийцира паччахьан доьзало, царна бакъо елира килса йогӀа[6][7]. ТӀаьхьуо керсталла йовзийтира Ладакхехь а, У-Цангехь а, иза хазахетарца тӀеийцира Цанган урхалчо. Цхьацца хьосташа хуьлийта хьалхара иезуитийн миссионер Иоганн Грюбер, цуо 1656 шарахь хадийра Тибет Синин тӀера Лхасе кхаччал, цигахь цуо бутт баьккхира, Непале хьалха.[8] Царна тӀаьххье бахара кхин берш, цара килс юьйгӀира Лхасехь. Царна йукъахь бу иезуит Ипполито Дезидери (1716—1721) а, тайп-тайпана капуцинаш (1707—1711, 1716—1733, 1741—1745 шерашкахь)[9]. XVII бӀешарахь Гелуг ишколан Ӏаткъам нисбархьама, цхаболчу тибетан урхалчаша а, Кармап ишколан ламанаша а леладора керсталла, амма 1745 шарахь берриг миссионераш аралаьхкира ламанаша ца битина.[10][11][12][13][14]
ТӀаьхьарчу хенахь йукъайевлла Тибетах лаьцна масех, уггаре евзаш ерг царех — голливудан, коьрта ролехь Питт Брэд волуш, «ВорхӀ шо Тибетехь» а, режиссёран Скорсезе Мартинан «Кундун» а. Кхин фильмаш: «Самсара», «Миларепа», «Кад», «Гималай», фильм французаш а, америкахоша а тибетан актёраш а болуш йаьккхина, кино йаьккхина Непалехь а, Тибетехь а.
«Куку бехира:Ламанан патруль» — оронго браконьерех ларъеш болу тибетхойх фильм. Фильмо дехира дуккха а совгӀаташ[15].
Тибетроссийн исбаьхьалчийн, масала Николай Рерих, Ранну Аллан дуккха а суьртийн турпалхо ю.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.