Савельевски (Нохчийчоь)
Невран кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Невран кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Савельевски[2] — Нохчийчоьнан Невран кӀоштара эвла. Бахархой — 2530 стаг, лерина 2019 шарахь[3].
Эвла | |
Савельевски | |
---|---|
Савельевская | |
43°37′37″ къ. ш. 45°27′41″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Нохчийчоь |
КӀошт | Невран |
Йуьртан меттиг | Савельевскан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1886 |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 2530[1] стаг (2019) |
Къаьмнийн хӀоттам | Нохчий, оьрсий |
Динан хӀоттам | Бусалба, керста |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 366122 |
Автомобилан код | 95, 20 |
ОКАТО | 96222822001 |
Картин тӀехь | |
Эвла Савельевскан йуьртан меттиган административан центр йу[4].
Лаьтта Теркан аьрру бердаца, къилба-малхбалехь кIоштан йукъ йолчу Новр-ГӀалан. Цу тIе эвла хин йисттехь йац, ткъа кIеззиг бердан гена йу — Терканний, эвланий йукъахь татолийн машанаш а, хьун а йу. Савельевскин къилбаседа йисттехула боьду автомобилан некъ Р262. Ставрополь—Крайновка а, Къилбаседа-Кавказан цIерпоштнекъан аса (эвлахь йу цIерпошт соцу меттиг Калиновски). Эвлан къилбаседехьа доьду хи дуьллу Ленинан цIарах татол[5].
Гергара эвланаш: къилба-малхбалехь — Гал-ГӀала а, Новотерски а, 10 км къилбаседа-малхбузехь — Макан-ГӀала, малхбузехь, Теркан дехьа берда тIехь — Макане а, Лаха Невре а, малхбалехь — Ульяновски эвла, къилбаседехь — Мирни кIотар, къилбехьа, иштта Теркан дехьа берд тIехь — Макан-КӀотар[6].
Савельевски эвла кхоьллина 1886 шарахь, иза хилира Теркан гIазакхийн эскаран кхузткъе иттолгIа а, тIаьххьара а эвла[7]. Кхоьллина иштта цIе хиллачу Гал-ГӀалан кIотаран меттехь[8]. 1874 шарахь Теркан областан Соьлжа-ГIалан гуон гIазакхийн «Теркан аьрру бердаца ДегIастане новкъа лаьтта» Савельевски эвлахь дара 44 цIа, 205 вахархо (103 боьрша а, 102 стен а), бехара оьрсий (шираламастхой), дара ламазан шираламастхойн цIа[9].
Эвла йукъайогIура Теркан областан ГIизларан декъан[8].
1926 шарахь Савельевски эвла йукъайодара Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран к\оштан Савельевски сельсоветан. 1926 шеран бахархой багарбаран жам\ашца эвлахь вехара 1170 стаг, царех оьрсий — 1151[10].
2002 шарахь бахархой багарбаран терхьашца, эвлахь бехара 2 239 стаг (1052 боьрша а, 1187 стен а), 97 % бахархой бара нохчий[23].
Эвлан бахархойн къоман хIоттам 2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамIашца[24]:
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.