Виленан университет
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ви́ленан университе́т — 1803—1832 шерашкахь лакхара дешаран меттиг а, Виленан дешаран гуонан серлонан урхаллин меже а.
Императоран Виленан университет (Виленан университет) | |
---|---|
Дацдар | Виленан университет |
Хьалхара цӀе | Виленан коьрта ишкол |
Кхоьллина шо | 1803 |
ДӀакъевлина шо | 1832 |
Тайпа | Императоран университет |
Лаьтта меттиг | Вильна |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Вильнехь лакхара дешаран меттиг йиллина 1579 шарахь паччахьо Стефан Баторийс а, руман папас Григорий XIII-гӀачо а «Виленан Ӏийса пайхамаран йукъараллин академи а, университет а» (Almae Academia et Universitas Vilnensis Societatis Jesu санна). 1773 шарахь Эдукацин комиссин (Къоман кхолламан комиссеш, Komisja Edukacji Narodowej) куьйга кӀела бина хийцамаш бахьнехь, цунах йира «Коьрта литвахойн ишкол» (Szkoła Główna Litewska; Ягеллонин университет иза санна хилира «Коьрта тажан ишкол», Szkoła Główna Koronna), цуьнан куьйга кӀела дӀаелира ерриг Литван сийлахь олаллин дешаран меттигаш, цул тӀаьхьа Реч Посполити кхузлагӀа екъарца коьрта литван ишколах йира Коьрта виленан ишкол.
1803 шеран 4 (16) апрелехь императоро Александр I-чо куьг йаздина актца Коьрта виленан ишколах йира Императоран Виленан университет. Университетан кара дӀаелира Виленан дешаран гуонан дешаран меттигаш. Гуонна йукъайогӀура Российн империн бархӀ губерни (Виленан, Гроднон, Минскан, Могилёвн, Витебскан, Волынан, Подольскан, Киевн). 1803 шарахь Виленан дешаран гуонан Ӏуналча хӀоттийра эла Чарторыйский Адам, цуо университетан къага аьтту бира. Чарторыйский Ӏуналчийн даржехь лаьттира ткъа шарахь (1823 шо кхаччалц), оццу хенахь кхечу даржашкахь а волуш, масала, арахьара гӀуллакхийн министран накъост (1802—1804) а, арахьара гӀуллакхийн министр (1804—1807) а.
1803 шеран 18 майхь чӀагӀдина «Виленан университетан а, цуьнан гуонан доьшаллийн а уставца я императоран йукъара сацамца» университет ю цхьаьна хеннахь дешаран, Ӏилманан, дешаран-административан меттигера кхоллам, цуо хоржура гимназийн директорш, уездан доьшийлашна тӀехьовсурш, дешаран-методикин а, низаман а, бахаман гӀуллакхьан а терго йеш болу кхин даржашкара нах, методикин а, дешаран а литература ара а хоьцура, цензура а йора. Университетера хьехархойн семинарехь кечбола говза ишколан хьехархой[1].
Университет уггаре хьал долуш яра ерриг российн университеташлахь: массо а университеташна штатан луш долу шеран 130 эзар сом ахчанал сов, хӀора шарахь догӀура кхин а 105 эзар сом, иезуитийн хилла бахамах, кхин тӀе цкъаццӀа ассигнованеш йира (1804 шарахь — 70 эзар сом делира Александр I-чо, 1807 шарахь — 30 эзар сом субсиди делира, 1811 — 60 эзар сом)[2]. Студентийн барам тӀекхетара 290 тӀера 1804 шарахь, 1 321 кхаччалц 1830 шарахь. 1823 шарахь хилира Российн а, Европин а уггаре йоккха университет, студентийн барамца хьалха елира Оксфордан университетал. Юьхьанца Виленан университетехь лора докторийн а, магистрийн а тӀегӀанаш шуьйрачу гуонан Ӏилманан дакъошкахь — дошаллехь, пачхьалкхан санан а, махлелоран а урхаллехь, кхечу мехканийн пачхьалкхан йукъаметтигехь, бакъоӀаморехь, архитектурехь, кхечу Ӏилманехь а. 1819 шарахь университетера дӀайаьккхира магистран а, докторан а Ӏилманан тӀеганаш яла бакъо; арахецархойн яла таро яра кандидатан тӀегӀа. 1821 шарахь ца магийра кандидатийн дипломаш дала а.
Университетехь къайлаха болх беш бара студентийн патриотийн кхолламаш (филоматаш, филареташ, «зӀаьнаркхеран» я «зӀаьнаре»). 1823 шарахь оцу гӀуллакхан лийцира университетан иттаннаш кхиорхой, царна йукъахь Мицкевич Адама а. Царех 108 суьде велира. Таллам боьдуш бехха чохь бахкийна, кхел йина 20 стаг араваьккхира Российн тайп-тайпана гӀаланашка[3]. Чарторыйский Адам балхара вохийра. Цуьнан меттиг дӀалецира Н. Н. Новосильцевс. Филоматийн процесс бахьнехь Новосильцев аьлла университетера указом 1824 шеран 14 августехь «университетан хьаькмашнадуьхьала лаьттина партин зуламе Ӏаткъам дӀабаккхархьама», балхара бохийна Литвера арабехира профессораш Голуховский Юзеф, Данилович Игнатий, Лелевель Иоахим[4][5], а также Михал Бобровский[6].
1831 шеран гӀаттамехь дуьххьала дӀа а, кӀеззиг а студенташ, хьехархой хьакхабалар бахьнехь, 1 (13) майхь 1832 шарахь Николай I-чо рескриптца университет дӀайаьккхира. Медицинин факультетах йира Виленан Медикин-хирургин академи (240 студенте кхаччалц; 1842 шарахь йукъайахара Киевн императоран Сий. Владимиран университет), теологин — Католикин Синмехаллин академи (100 стаг кхаччалц; 1844 шарахь дехьайаьккхира Петарбухе). Университетан библиотека а, медикин-хирургин академи санна, чоьхьарчу гӀуллакхийн министран куьйга кӀела дӀаелира[7].
1855 шарахь университетан гӀишлош чохь лаьттара Ширачу заманан музей а, Виленан археологин комисси а, тӀаьхьуо Публикин библиотека, архив, ткъа кхин а шиъ божарийн гимнази. Тайп-тайпанчу хенахь цигахь дешна литератор а, коллекционер а А. В. Жиркевич, полякийн пачхьалкхан гӀуллакххо Ю. Пилсудский, советийн пачхьалкхан гӀуллакххо Ф. Э. Дзержинский, актёр В. И. Качалов, исбаьхьалча М. В. Добужинский, литвахойн композитор К. Галкаускас, литературин теоретик М. М. Бахтин.
Баторий Стефанан университет аьлла цӀе а тиллина университет меттахӀоттийра Пилсудский Юзефан омарца 1919 шеран 28 августехь. Цуо болх бира 1939 шо кхаччалц. 1939 шеран ноябрехь дуьйна хийцамаш болийра, фактехь дӀаяккхар. Литвахойн Республикин Сеймо тӀеэцначу законца, 15 декабрехь дуьйна, хьалха хиллачу Баторий Стефанан университетан меттана болх бан йолаелира литвахойн Вильнюсан университет, иза лаьттара шина факультетах — гуманитарин Ӏилманан а, бакъонан а, цуьнга терра уьш дӀайаьхнера каунасан Сийлахь Витовтан университетера. Каунасера факультет кхалхар доладелира 1940 шеран 1 январехь[8]. 1943 шарахь германин оккупацин Ӏедалша университет дӀакъевлира[9]. 1944 шеран гурахь университета шен болх юха а дӀаболийра советийн тайпана лакхара дешаран меттиг санна — Вильнюсан университет цӀарца.
Лаьттара йеа факультетах — физикин-математикин, медицинин, гӀиллакх-оьздангаллин-политикин (делан дашца), филологин (дешан Ӏилманан а, исбаьхьаллин а дакъош). Яра 32 кафедра, хьоьхура 55 предмет. Университетан яра ботаникин беш, анатомин музей, клиника, физикин а, химин а лаборатореш, 60 эзар томах лаьтта библиотека.
Хьехам бора дукхаха дерг полякийн а, латинан а меттанашкахь. Чарторыйский дӀаваьккхинчул тӀаьхьа цхьацца предметаш хьоьхуш кӀез-кӀезиг йукъабоккхура оьрсийн мотт.
1803 шарахь хийцамаш бинчул тӀаьхьа ши кафедра йиллира, цигахь хьоьхула философи — логикин кафедра а, метафизикин а, иэхь-бехкан а кафедра. Вакантан профессоран дарже оьшу кандидатура а ца карийна, философи хьоьхура адъюнкта Зноско Яна. 1804 шарахь философин профессоран дарж дӀалецира Эрлангенера веина немцойн классикин философин агӀонча волу, Кантан а, Рейнгольдан а шена тӀехь бисина Габихт Иоган, оцу хенахь цуо зорба тоьхнера шен 24 философин болх. Абихт йоьшура латинех, кхета чӀогӀа халачу хатӀца, цундела цуьнан лекцеш башха езаш а яцара студенташна. Вильнехь Абихта шен лекцийн бух тӀехь арахийцира жайна Initia Philosophiae propriae sic dictae. Vilnae (1814).
Абихтал тӀаьхьа философин лекцеш йоцачу ханна ешара бакъойовзархочо а, экономисто а, философин докторо Малевский Шимона а, динӀаморхочо Довгирд Анёла а. 1820 шарахь ши кафедра цхьаьнатоьхча философин профессоран меттиг, къовсамехь тоьлла, дӀалецира Варшавин университетан кхиорхочо, Эрлангенан а, Гейдельберган а университеташкахь тӀеӀемина Голуховский Юзефа. Цуьнан лекцеш чӀогӀа гӀараевлира, российн Ӏедало шеко ян йолийра. 1824 шарахь Голуховский университетера дӀаваьккхира. 1826 шарахь философин кафедре юхавеира Довгирд, цуо логикин, метафизикин, эхь-бехкан философин лекцеш йийшира 1832 шо кхаччалц.[10]
Ректораш а, деканаш а хоржура кхаа шарна. Ректораш хилла Стройновский Иероним (1799—1806), Снядецкий Ян (1807—1814), Лёбенвейн Иоганн (1815—1817), Малевский Шимон (1817—1822), анатом Боянус Людвиг, математик Твардовский Юзеф (1823—1824)[11]. 1824 шеран октябрехь филоматийн а, филаретийн а гӀуллакх бахьнехь дӀаваьккхина волу Твардовскийн метттана хӀоьттира профессор Пеликан Вацлав (1826—1832)[12]; 1826 шарахь университетан ректор формалан чӀагӀвира Пеликан; 1832 шарахь цуо дакъалецира Виленан университет дӀаяккхаран комиссин йукъахь.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.