1905—1907 шерашкара революци Россехь
From Wikipedia, the free encyclopedia
1905 шеран оьрсийн революци, я Хьалхара оьрсийн революци, — 1905 шеран январера 1907 шеран июнь кхаччалц болчу муьрехь Российн имперехь хилла хиламаш.
1905—1907 шерашкара революци Россехь | |
---|---|
| |
Меттиг | |
Меттигаш | |
Терахь | 1905 9 (22) январь — 1907 3 (16) июнь |
Бахьна | Латтан къоьлла; белхалойн бакъонаш йохаяр; болчу гражданийн маршонан тӀегӀанан реза ца хилар; либералийн а, социалистийн а партийн болх; контрреформаш. Императоран абсолютан монархи, къоман йукъара векалийн меже а, конституци а ца хилар. |
Коьрта Ӏалашо | Белхан хьолаш тодар; ахархойн пайденна латташ юхадекъар; мехкан либерализаци; гражданийн маршо шоръяр; |
ЖамӀ | Парламент кхоллар; КхоалгӀа июнан харцам, паччахьан бакъонашна доза тохар; уггаре кхиина реформаш дӀаяхьа хьажийна йолу Ӏедалийн барамера-реакцин политика; мелла а латтан бала дӀабаккхар[1][2], белхалойн баланаш дисар[1], къаьмнийн гӀуллакх дисар[3][4]. |
Вовшахтохархой | Социалистийн-революционерийн партия, РСДБП, Маршаяккхаран барт, СДКПиЛ, Польшин социалистийн парти, Литван, Польшин, Российн йукъара жуьгтийн белхалойн барт, Латышийн хьуьнан вежарий, Латвин социал-демократин белхалойн парти, Белоруссин социалистийн громада, Финляндин жигара дуьхьало яран парти, Поалей Цион, «Бепиг а, паргӀато а», обаргаш, кхин берш |
ДӀайахьаран ницкъаш | белхалой, ахархой, интеллигенци, эскаран цхьацца дакъош |
Декъахойн барам | 140 эзар — 2 миллион |
МостагӀий | Эскаран дакъоша; императоран Николай II-гӀачуьн агӀончаша, тайп-тайпан черносотенцийн кхолламаша. |
Кхелхина | 9000 |
Чов йина | 8000 |
Лецна | хаамаш бац |
Медиафайлаш Викилармехь |
Адам политикин лозунгашца алссама гӀаттаран бахьна хилира «КӀиранан дийнан ций Ӏанор» — 1905 шеран 9 (22) январехь Петарбухехь императоран эскарша коьртехь мозгӀар Гапон Георгий волу белхалойн машарен демонстрацин тоьпаш тохар (96 вийна, 333 човйина, царех тӀаьхьа вела кхин а 34 стаг, — Полицин департаментан директоро А. А. Лопухина хаам бина 9 январан хиламех чоьхьарчу гӀуллакхийн министран А. Г. Булыгине шен февралан докладехь)[5].
Оцу муьрехь стачкин болам шуьйра баьржира, эскарехь а, флотехь а карзаха бовларш а, гӀаттамаш а хилира, иза бахьнехь монархин дуьхьала массаш евлира. Николай II-гӀачун 1905 шеран 6 августан «Пачхьалкхан Дума кхолларах» манифестаца, [6] кхоьллира Пачхьалкхан Дума паччахь волчохь законаш дийцаре доху меже санна. Амма карзахдийларш ца совцура.
ГӀаттаман жамӀ хилира конституцин хийцамаш — 1905 шеран 17 октябран манифест, цуо совгӀат дира гражданийн маршонца: стагах куьйгаш ца Ӏиттар, эхь-бехкенан маршо, дешан маршо, гуламийн маршо, ассоциацийн маршо. Манифестаца йира Пачхьалкхан кхеташонах а, Пачхьалкхан думех лаьтта Парламент.
Революцин тӀаьххье реакци хилира: 1907 шеран 3 (16) июнан «КхоалгӀа июнан харцам». Йоцучу хенахь, цхьан баттахь, кхоьллира правительство, цунах дукхах болчара олу «Хьалхара хана йолу»
Иза йолуш хийцира Пачхьалкхан думе харжаман бакъонаш паччахьегахьа болу депутаташ совбахархьама; меттигера Ӏедалша 1905 шеран 17 октябран манифестехь юьйцу маршонаш тергал ца йора, дукхаха болчу мехкан бахархойн уггаре ладамениг юьртабахамах дерг дара, иза кхочуш ца дира.
Иштта, Хьалхара оьрсийн революци кхоьллина социалан дуьйлина хьал, дуьззина мадина дацара, цуо некъ биллира тӀаьхьа 1917 шарахь революцин гӀаттамна.