Обарг
From Wikipedia, the free encyclopedia
Обарг — лаьмнашка дӀа а вахана Ӏедал а, низам а кӀелара дӀа а ваьлла, талоран дахаре вирзина стаг; дуьхьанца — зулам дарна, дукха хьолахь стаг верна, тайпано шайна йукъара эккхийна волу кавказан ламанхо[1]. Термин даьржина хилла Къилбаседа Кавказехь, Гуьржийчохь (абраг), Абхазехь (абрагь), ткъа Азербайджанехь «Гачаг» олуш хилла.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Обарг (маьӀнаш).
Обарго нигат деш хилла массо а дахаран тамах дӀахада, массо а тӀамехь а, адамца а майра хила. Нигат деш хилла дукха хьолахь пхеа шарна[хьост?], оцу хенахь обарга дӀахадош хилла хьалхалера зӀенаш. Дахаре юхаверза обарган гӀодора хьешо — накъост кхечу тайпанара[1].