Ӏусман ибн Ӏаффан
Мухьаммадан накъост а, нуц а, рашидун халифех кхоалгӀаниг а / From Wikipedia, the free encyclopedia
Абу Ӏабдулла́хӀ Ӏусма́н ибн Ӏаффа́н аль-Умави́ аль-Къураши́ (Ӏаьр. أبو عَبدِ الله عُثمَانُ بْنُ عفَّانَ الأُمَوِيُّ القُرَشِيُّ; 576, ТӀаиф йа Макка, Хьиджаз — 656, Мадинат, Рашидунин халифат) — иза Рашидунин халифатан кхоалгӀа халиф ву 644—656 шерашкахь урхалладина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ йуххера накъост а, цуьнан нуц а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ ву. Ислам дине баьхкинчу хьалхарчарах цхьаъ ву. Цуьнан цӀе йоккху «Зун-Нурайн (Ши нур дерг)» олий, хӀунда аьлча цо Мухьаммад пайхамаран ﷺ ши йоӀ йалийна хилла, дуьххьара Рукъайят йалийна, и дӀакхелхинчул тӀаьхьа Умм Кулсум а.
Ӏусман ибн Ӏаффан | |
---|---|
Ӏаьр. عثمان بن عفان | |
Абу ӀабдуллахӀ, Абу Ӏамр, Зун-Нурайн, Зуль-хӀижратайн | |
Говзалла | политик |
Вина терахь | 576({{padleft:576|4|0}}) |
Вина меттиг | ТӀаиф йа Макка, Хьиджаз |
Кхелхина терахь | 656 шеран 22 июль({{padleft:656|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) |
Кхелхина меттиг | Мадинат, Рашидунийн халифат |
ДӀавоьллина меттиг | |
Пачхьалкх | |
Да | Ӏаффан ибн Абул-Ӏас |
Нана | Арва бинт Курайз |
Зуда | Умм Ӏамр бинт Джундуб, ФатӀимат бинт аль-Валид, Рукъайят бинт Мухьаммад, Умм Кулсум бинт Мухьаммад |
Динлелор | ислам |
ТӀеман гӀуллакх | |
ТӀемаш |
Ӏусман дуьххьара Хьабашийн лаьтта тӀе хӀижрат динарг ву, ислам дин лардархьама, цул тӀаьхьа цунна тӀаьхьахӀиттира бисина хӀижрат деш болу мухӀажираш. Цул тӀаьхьа шолгӀа хӀижрат дина цо Мадинате. Делан элча ﷺ вара цуьнах тешаш а, цуьнан лерам беш а, и дукхавезаш а, и эхь хеташ хилла дела а, цо шен даьхний бусалба нахана гӀо деш дӀахьовзош хилла дела а. Цуьнга йалсаманица кхаъбаьккхина цо, иштта шахӀид волуш дӀакхелхар ву аьлла хаам а бина.
644-чу шарахь Ӏумар дӀакхелхинчул тӀаьхьа, шура (совещани) хиллачул тӀаьхьа Ӏусманна байӀат дира халиф хоттарца. Цуьнан халифат лаьттира шийтта шарахь гергга. Цуьнан урхаллехь чекхдаьккхира Къуръан цхьаьнатохар а, Маккара Аль-Хьарам маьждиг а, Мадинатера Пайхамаран маьждиг а шордар а. Иштта цуьнан урхаллехь схьадехира масийтта мехкаш а, исламан халифат а шорйелира.
Цуьнан халифатан шолгӀачу декъехь, шийтта шарахь лаьттина долу, питанан хиламаш гучубевлира, и йамарта вере кхачийна болу, цуьнан 82 шо долчу хенахь. И дӀавоьллина Мадинатера аль-БакъиӀ олучу кешнашкахь.