Макка
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан гӀала, бусалба нехан йеза гӀала / From Wikipedia, the free encyclopedia
Макка (Ӏаьр. مَكَّةُ الْمُكَرَّمَةُ, [Маккатул-Мукаррамату] — «Сийдолу Макка») — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбузехь йолу гӀала йу, ЦӀен хӀордан 100 км гергга йукъ йолуш. Маккин округан административни центр йу иза. Бусалба нехан йеза гӀала а йу иза, цигахь Аль-Хьарам маьждиг а, церан ламазашкахь къилба лоруш долу КаӀбат а ду.
ГӀала | |
Макка | |
---|---|
Ӏаьр. مكة | |
21°25′21″ къ. ш. 39°49′34″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | СаӀудийн Ӏаьрбийчоь |
Куьйгалхо | Халид аль-Файсал бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд |
Истори а, географи а | |
Майда | 400 км² |
Центран локхалла | 277 ± 1 метр |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 1 700 000 стаг (2007) |
Луьсталла | 4200 стаг/км² |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +3 |
holymakkah.gov.sa (Ӏаьр.) | |
Картин тӀехь | |
Макка — бусалба нехан сийлахь-йеза гӀала йу. 630-чу шарахь бусалба наха Мухьаммад пайхамаро ﷺ куьйгалла а деш схьайаьккхина иза цхьа а тӀом боцуш, бахархоша ислам дин тӀеийцира. Макка шен КаӀбатца динан центр хилла, а бусалба наха КаӀбатан тӀе а боьрзий ламаз до, миччахьа велахь а.
Маккин гӀалин юккъехь ду коьрта а, дуьненахь доккха а маьждиг Аль-Хьарам (Хьехаман, Доккха), чоьхьара кертахь дӀахӀоттийна ду исламан коьрта деза — КаӀбат (я ХьаьжцӀа).
2011-чу шарахь Маккахь юьйгӀина дуьненахь уггаре йоккха стигал-бохьан Абраджуль Байт олу комплекс ю, дуьненахь кхоалгӀа Пачахьан йоккха бӀов ю иза, цуьнца дуьненахь уггаре доккха сахьт а ду.
2010-чу шеран 13-чу ноябрехь схьайиллина лаьтта тӀехулара Маккин метрополитен.
Маккахь зияртхой дукха хуьлчу муьрехь кест-кеста тӀеттӀатаӀар хуьлу, цӀерш а, кхин йолу чевнаш хиллачаьрца а, беллачаьрца а инциденташ а хуьлу. Иштта, 1990-чу шарахь Маккина а, Минан а юкъахь 1,5 эзар гергга зияртхой белла.