Ӏалларой[1] — тайп Нохчмахкахой тукхум чу догӀуш ду. Барам 30 эзар сов. Тайпа J2 гаплотобанера ду[2].
Доца факташ Ӏалларой, Кхин цӀерш ...
ДӀачӀагӀа
Ӏалларойн тайпанан мехкан Ӏаларан доза ду къилбехьа Сесанца, малхбузехьа Шоьнаца а, Ялхой-Мохкца а, малхбалехьа Билтаца, ткъа къилбаседехьа ломан кӀажошкара акъари ю. Лаьтта Яьсси хин аьрру бердаца Сесанан 2 км генахь[1].
Ӏаларойн лам лаьтта ЦӀонтаройн ломан гергахь[3]. Беха ерриг Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчуьра Доьлакехь а, Ӏовхахь а, Аштаркхан областан Лиманан кӀоштарчу Басы эвлахь а.
Ӏаллара чуйогӀу: Бешал-Ирзе, Гатин отар, ГӀансолчу[4], Девлатби-Отар, Женин юрт, Мандин отар, Мескита, СогунтӀа, ТӀуртӀи-КӀотар, Шовхала-Берд[4], Эзин отар, Ӏалара, Ӏиса-Йурт[1].
Курчалойн кӀоштара Ӏаларой-Эвла Ӏаларойша йиллина.
1849 шеран гурралца Жалкх хин тӀехь Ӏалларойн эвла хилла, паччахьан эскарша йохийна[5].
Беха меттигаш
Ӏаларой беха меттигаш: Аьчка-ХитӀе[8], БердакӀел, Гребенски, Каргалинск, ГӀойтӀа, Доьлаке, Дубовски, Курчалой[9], Лакха Невре[10], Лаха Невре[11], Макане[12], НогӀамирзин-Йурт, Нойбоьра, Хаьмбин-Ирзе, Чечана, ЧӀулга-Йурт[13], Шела, Ӏаларой-Эвла[14].
А.Сулеймановс дийцарехь Ӏаларой дош даьлла «Ӏайла» (даьхнашца Ӏадоккху меттиг) дешах[1].
Ӏалларой бекъало некъешка: Ӏалхин некъе, .
- Бедарг некъе,
- ГӀурнин некъе[1],
- Кути некъе,
- Куьша-Бухой[1] (J2),
- Къахч некъе,
- Къаьхьам (Тими) некъе,
- Маршо некъе,
- Незар некъе,
- Овн (Эвн) некъе[1],
- Сеге-Бухой[1],
- Тевмин некъе,
- Тойсалг некъе,
- Уьта-Бухой[1],
- ЧӀагӀал некъе,
- ЧӀакъин (ЧӀакъанан) некъе[1],
- Ӏалханан некъе[1],
- Ӏамзи-некъе.
Куьша-Бухой а, Бедарг-хой а Ӏаллан йишин а, вешийн а берех схьабевлла.
Уьта-Бухой лулара нохчийн тайпанех а, шотойх а схьабевлла.
Ӏаларошна йукъахь Аьккхех бовлар долу Ов-некъи бу Ӏаллас тӀеэцна кхаьбначу кӀантах бевлла.
- Муса – Теркйисттерачу Аьчка-ХитӀера валар долу наиб хилла Топли (Орга хин тӀехь) тӀиера Хул-Хуло (Мичиг Хул-Хулуох кхетачохь) тӀекхаччалц. Хьехаво 1854 ш.
- Овта-Хьаьжа, Шамсуддин-Хьаьжин да. Воккха Ӏелам стаг накъшбандийн тӀарикъатера.
- Шамсуддин-Хьаьжа, Овта-Хьаьжин кӀант. Накъшбанди. Вина 1850 шарахь Шелахь. Имам лаьттина маьждигашкахь Эккажакъоьнгий-Юртахь, УстаргӀордойн эвлахь, Шелахь.
- Ӏусман-Хьаьжи (Упа), авлияъ - накъшбанди. Вина 1830 шарахь Девкар-Эвлахь (Теркйист), дай схьабевлла Чечанара[15].
- Кана-шайх Хантиев Ӏусман-Хьаьжин ваша. Схьавалар Лаха Неврера ду. Шайх - накъшбанди. Вина 1848 шарахь[16].
- Абаст-Хьаьжа (Ӏаза) Назир–Хьаьжин кӀант, схьавалар Ӏалларара ду. Авлияъ - накъшбанди.
- Мохьмад молла (МӀома) Бейбулатан кӀант. Шайх - Накъшбанди. Вина ЧӀулга-юртахь, кешнашкахь зиярат ду. Ваьхна 1870-1910 шерашкахь[17].
- Шамсу Абдурахманов – Брестан гӀопан турсло, тӀепаза вайна.
- Висаитов, Мавлид Алероевич – вина Лаха Неврехь, подполковник, Советийн Союзан Турпалхо, Сийн Легион а, Ленинан а, ЦӀечу Байракхан, ЦӀечу Седан, ӀӀӀ тӀегӀан Суворовн, ТӀоман хьокъан, Сийлаллин, Сталинград ларъярна, Германин тӀехь толамбаккхаран орденийн кавалер.
- Салман Тимаевич Алероев – Брестан гӀопан турсло.
- Масхадов, Аслан Алиевич (1951 шеран 21 сентябрь, Шокай эвла, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС — 2005 шеран 8 март, Девкар-Эвла, Нохчийн Республика, Российн Федераци) — (1990-гӀа — 2000-гӀа шш.) Нохчийчохь хилла тӀеман жигара декъашхо, Нохчийн Республика Нохчийчоьнан тӀеман а, пачхьалкхан а гӀуллакххо. 1990-гӀа шарашкахь Нохчийн Республика Нохчийчоьнан ТӀеман ницӀкъаш кхуллуш дакъалецира, Российн Федерацин дуьхьала боьдуш хилла тӀеман куьйгалла дийра; 1997 шеран январь тӀера 2005 шеран март кхаччалц — Нохчийн Пачхьалкхан президент.
- Атгериев, Турпал-Iела Аладиевич (8 май 1969 шо, Ӏаларой-Эвла, Курчалойн кӀошт, НГӀАССР, РСФСР, ССРС[18] — 18 август 2002 шо, Екатеринбург) — 1990-гӀа шерашкара Нохчийчуьра тӀеман жигара декъашхо, шеш кхайкхийначу Нохчийн Республика Ичкерин (НРИ) аренан баьчча а, политикин гӀуллакххо а. Хьалхара вице-премьер а, НРИ пачхьалкхан кхерамазаллин министр даржехь вара.
- Ясаков, КъахӀим Ясакович (1924 шеран 23 февралехь, РСФСР, Нохчийчоь, Теркан кӀошт ЧӀулга-Юрт) — нохчийн хьехархо, 46 шо ишколан дIаделла.
- Ясаков, Руслан Каимович (1948 шеран 20 октябрехь, ССРС, Кхаз.ССР, Карагандан областан, Жанааркин кӀоштан Атасухь) — нохчийн литератор, публицист.
Хантиев Ӏусман-Хьаьжа
Висаитов Мовлад
Масхадов Аслан
Атгериев Турпал-Iела
Ясаков КъахIим
Ясаков Руслан Каимович
Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.3-14
А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.15-22
А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.31-33