Шираламасталла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Шираламасталла[1] йа шираправосла́ви — москохан патриарха Никона а, паччахьа Алексей Михайловича а бина килсан хийцамаш тӀе ца оьцу оьрсийн православин ламастан харш чуьра дерриг а цхьаьна динан некъаш а, кхолламаш а. Хийцамийн Ӏалашо йара Оьрсийн килсан Желтойн килсанца, уггаре хьалха Константинополан килсанца Далла гӀуллакх дарехь унификаци йар, ткъа факт хилла хийцамаша секуляризацин хьелаш кечдора[2].
Далла гӀуллакхдаран хийцамаш къобал бина, чӀагӀбира 1650—1680-гӀа шерашкахь Москохахь хилла цхьа могӀа килсан гуламийн сацамашца. Хийцаман дуьхьала берш 1656 шеран Москохан килсан гуламо (жӀар тухуш шип Ӏелг лоцурш) а, 1666—1667 шерашкара Боккха Москохан гуламо[3]. а анафеме белира Ӏеса нах бу аьлла[4] Хийцамаша йийкъира Оьрсийн килс. Иза бахьнехь йукъайелира бекъабеллачеран оппозицин тобанаш, тӀаьхьа уьш йекъайелира дуккха а берташна[5].
Екатерина II-гӀа йолучу хенахь, 1778 шарахь, дош «бекъабелларш» боху дош официалан кехаташ тӀаьхь а, бартакхолларехь а магийна дацара[6]. 1788 шарахь дуьйна «бекъабелларш» дешан меттана йукъадаьккхира «шираламастхой» дош[7]. В 1803 году слово «раскольник» вновь возникает на страницах официальных документов[6]. Шираламасталлин тӀаьхьабозурш (цхьаьннахтешарш боцурш) Российн империн 1905 шеран 17 апрелан омарца официалан аладолийра «бекъабелларш» килсан а, дуьненан а Ӏедало хьийзабора.
XX бӀешарахь Оьрсийн православин килс ан шираламасталлин агӀор йолу позици хаъал кӀадйелира, цуо далийра 1971 шеран массанхьара килсан гуламан билгалонга, масала, «1929 шеран 23 (10) апрелера Патриархан Сийлахь синодаца 1656 шеран Москохан килсан гуламан а, 1667 шеран Боккха Москохан гуламан дуьйнаш дӀадахаран сацам чӀагӀбина», цуьнца и бехкамаш тӀебехкина бара шира оьрсийн ламасташна а, православин керсталла лелочарна а, и дуьйнаш лара «Ца хилла санна»[8].
«Дуьйнаш» дӀадахаро метта ца хӀоттийра шираламастхойн ламазан (евхаристийн) къамел массанхьара православин килсанашца. Шираламастхоша, хьалха санна, шеш бен ца лору дуьззина православин керстанаш, ОьПК Москохан патриархи лору кхечуннахастамбеш. Шираламасталлин гуран чохь динан хилам ан агӀора йац цхьа ойла а, цхьаалла а. Шираламастхойн дозаллин йукъаметтиге хьаьжна уьш бекъар тӀелаьцна шина тобане — мозгӀаргӀаьрга а, мозгӀарзгӀаьрга[9] а. МозгӀаргӀара «керлаламастхой» «шолгӀачу чинан» Ӏосаллера лору[10]; дукхаха болу мозгӀарзгӀнаша (зугӀаргӀар а, цхьацца нетгӀар а) керлаламастхой «хьалхара чинан» Ӏеса на хлору , шираламастхошна йукъа эцча ламазан декъа буьтуш йуха жӀартоьхна хила веза[11].
Таханлера Российн уггаре боккха шираламастхойн кхоллам — Оьрсийн православин шираламастхойн килс — мозгӀаргӀеран йу[12].