![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/4/4b/AthertonTableland.jpg/640px-AthertonTableland.jpg&w=640&q=50)
ЧӀаплам
From Wikipedia, the free encyclopedia
ЧӀа́плам — ломан рельефан 1000 м а, сов а абсолютан локхалла йолу, алсама чӀапа йа гӀийла хьалий-охьий хидоькъен тӀехуло йолу шуьйра дакъа. Наггахь йекъна хуьлу готта атагӀашца. ЧӀаплам йукъа йаха тарло акъари, тӀаккха уьш цхьаъ ду моьтту[1].
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/4/4b/AthertonTableland.jpg/640px-AthertonTableland.jpg)
ЧӀаплаьмнаш кхоллало анаца дохку ломан породан гӀатташца экъан тектоникан рожан хьолашкахь, йерриг цхьаьна айа а луш, ткъа дукхаха долу декъарш эрозино дина.
Уггаре даккхий чӀаплаьмнаш — Йуккъерасибрехан (Росси) а, Анатолийн (Туркойчоь) а.