ТӀеман гӀуллакххо
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
ТӀеман гӀуллакххо — пачхьалкх ларъяр ан а, кхерамазаллин сфера ларъян Ӏалашо йолуш, иза бахьнехь башха бакъонан статус йолу (билгалчу хьолашкахь: хьажа лаха ), тӀеман гӀуллакх чекхдаккхарца доьзна декхар кочушде стаг.
Дуьххьара тӀеман гӀуллакхо хьахийна Сийлахь-йоккха Москохан олаллин документашкахь, «гӀӀуллакхера нах» цӀарца[1] («тӀеман нах»), оцу муьрехь царна йукъа боьлхура:
Оцу хенан документашца, масала, «ГӀуллакхах охьадиллинарг» (1555 шеран), «Суьдан жайна» Иван IV-гӀачун (1559 шеран), «Гуламан охьадиллинарг» Алексей Михайловичан (1649 шеран), «гӀуллакхера нах» («тӀеман нах») лаьттара «паччахьан гӀуллакхехь», цунна дуьхьала латта а, «паччахьан алап» а кхочура.
ТӀаьхьуо Россехь йукъаелира тӀеман гӀуллакххойн керла категори, нах гулбора[1]. Царна ца лора тӀеман гӀуллакхна латташ а, мехкаш а, ткъа лора хӀазнера ахча а, бепиг а, духар а, мачаш а, «тӀеман гӀирс» а. Царах хилла:
Российн Федерацин (Российн) гражданашна тӀеман гӀуллакххо статус ло тӀеман гӀуллакх ма-долийна, йов - тӀеман гӀуллакхан хан чекхъяьлчи. ТӀеман гӀуллакххоша тӀеман гӀуллакх дӀакхоьхьу тӀеман ницкъийн кхолламашкахь (тӀемлойн дакъанашкахь (кеманашкахь), предприятешкахь, урхаллашкахь, тӀеман боцу кхолламашкахь, говзаллин дешаран тӀеман дешаран кхолламашкахь). ХӀора тӀеман гӀуллакххочунна ло цуьнан дешаре хьаьжжина тӀемлойн цӀе. Шен гӀуллакхан хьолаца а, тӀемлойн цӀарца а цхьаболу тӀеман гӀуллакххой кхечу тӀеман гӀуллакххошца хила тарло хьаькам я куьйгакӀеларниг, лакхара я лахара.
Российн «ТӀеман гӀуллакххойн статусех лаьцна» Федералан законаца хӀиттийна тӀеман гӀуллакххойн бухара категореш:
Оцу федералан законаца хӀиттийна билгаладаьхна кхин тӀе декхарш (муьлххачу хьолехь а хӀиттийна Ӏалашонаш кхочушъян декхаре хилар, шен син кхерам белахь а) а, тӀеман гӀуллакххойн статусах боьзна бехкамаш (хьуьнараллин а, кхин мехах болх а лело ца магор, Ӏилманан я кхин кхоллараллин боцург) а, ткъа иштта ло гаранти, компенсаци, тӀеман гӀуллакххойн декхарийн амал башха хиларна (хӀусам ло, льготаш ло деша дӀахӀуттуш).
ТӀеман гӀуллакххошна тӀемлойн цӀе ло. Россехь тӀеман гӀуллакххочун хьалхара тӀемлойн цӀе ло эскаре кхайкхинчул тӀаьхьа, тӀеман чӀагӀо янле. Дуьххьара тӀеман гӀуллакхе баьхкина тӀеман гӀуллакххошка, тӀеман чӀагӀо йойту.
ТӀеман гӀуллакхашкахь а, девнашкахь а дакъа лоцуш болу тӀеман гӀуллакххойн, ю башха юридически комбатантийн статус: церан гӀуо гӀуллакхаш ца доьду зуламан бакъон кӀела, мах хадабо тӀеман законашца. Масала, царна лелаш ду тӀеман йийсархой лелоран конвенцин хьолаш. Гааган конвенцеш чулоцу тӀеман гӀуллакххой законан комбатанташ йукъабахийтаран лахара барамаш:
1) коьртехь стаг ву, шен куьйгакӀеларчарех жоьпаллехь волу;
2) хуьлу билгалайина а, генара дика къаьсташ къасторан хьаьрк ;
3) диллина герз леладо;
4) шен гӀуллакхехь кхочуш до тӀеман законаш а, гӀиллакхаш а.
Гайтина хьолаш кхочуш деш дацахь, тӀеман гӀуллакххой лору законехь йоцу комбатант.
Женеван конвенцица лецна законехь йоцу комбатанташна ца лелайбо кхетам тӀеман йийсархо, царна уьш лецначу пачхьалкхан зуламан кодексца таӀзар до[2]
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.