Туьнкалг
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ту́ьнкалг — дагаран сурсаташ атмосфере дӀадохуьйту ирахь лаьтта биргӀан гӀирс. Туьнкалган болх баран хьесап доьзна ду озоран эффектаца, цуцо газан массаш дехьаозайо туьнкалган чу доьда Ӏуьргера арадолучу Ӏуьрге кхаччалц. Туьнкалгаш хила тарло гоьрга, овалан, шортта сенаш долуш, йо уьш ца богучу гӀирсах — Ӏаламан тӀулгах, кибирчигах, кхийранах, асбоцеманцах, металлах йа бетонах. Промышленностан туьнкалгаш масех бӀе метр лекха хила тарло.
Туьнкалгийн хьала-охьа, пурх, анасизаца хершнаш хуьлу пешийн, пилтийн, кхин дагорг лелочу гӀирсийн кӀура дӀабохуьйтучу системашкахь[1]. Туьнкалг чухула йоьду газаш кӀура лела биргӀан чу а йоьдий, тӀаккха арахоьцу атмосфере. Цхьаьна биргӀан тӀе масех туьнкалг таса а мега.