From Wikipedia, the free encyclopedia
Тиблисин пачхьалкхан Джавахишвили Иванэн цӀарах университет (гуьрж. თბილისის ივანე ჯავახიშვილის სახელობის სახელმწიფო უნივერსიტეტი, ТПУ) — Гуьржийчоьнан ширачех а, йоккхачех лакхара дешаран меттиг, Ӏилманан а, оьздангаллин а йукъ. Кхоьллина 1918 шеран февралехь.
Тиблисин пачхьалкхан Джавахишвили Иванан цӀарах университет თბილისის ივანე ჯავახიშვილის სახელობის სახელმწიფო უნივერსიტეტი (ТПУ) | |
---|---|
Дацдар | ТПУ |
Халкъашна йуккъера цӀе |
Ivane Javakhishvili Tbilisi State University |
Девиз | Universitas Tphilisensis |
Кхоьллина шо | 1918 |
Тайпа | пачхьалкхан |
Ректор | Шервашидзе Георгий |
Студенташ | 30 000 |
Хьехархой | 3000 |
Лаьтта меттиг | Гуьржийчоь, Тиблиси |
Кампус | 11 |
Юридически адрес |
Тиблиси, Чавчавадзен пр., 1 |
Сайт | www.tsu.ge |
Викиларми чохь медиафайлаш |
1917 шарахь кхоьллира Тиблисин университет яран йукъаралла. Гуьржийн къоман университет ян дагадаийтанчех коьртаниг лору историк Джавахишвили Иванэ, кхолламчашна йукъахь бара малхбалеӀаморхо Ахвледиани Георгий, историк Нуцубидзе Шалва, психолог Узнадзе Дмитрий, лингвист Шанидзе Акакий. 1917 шарахь Российн хенан правительство йолуш университет дӀаелла гӀертарх аьтту ца белира, векалш Ш. И. Нуцубидзе, З. Авалишвили, Н. Геловани (В. Гелованих йисинарг) лерамца тӀеийцира А. Ф. Керенскийс, дош делира «Тиблиси оьшу сацам баийта», амма цул тӀаьхьа урхаллега телеграф яийтира Тиблисин Ллакхара зударийн курсех сихха Чоьхьара Кавказан университет йиен аьлла.
ДӀайиллина 1918 шеран 26 январехь (8 февралехь), нисса Петарбухан университет дӀайиллина 99 шо даьлча а, Сийлахь гуьржийн паччахьан Агмашенебели Давидан (1073—1125) иэсан дийнахь а. 1918 шеран 30 январехь И. Джавахишвилис йийшира дуьххьарлера лекци «Шира-гуьржийн историн-философин литературера, дахарера адам а, цуьнан роль а».
Университет дӀайиллира цхьаьна факультетаца — философин. ДӀахӀоттаран экзаменаш яцара, дӀаоьцура стен а, боьрша а (хьалхара абитуриент хилира Гамбашидзе Медея[1]), къоман а, динан а доза доцуш, хила дезара йуккъера дешар. Аьтту белира 360 гергга студент гулван. Хьалхара ректор хаьржира химик Меликишвили Пётр (оцу дарже кечвелла И. Джавахишвили ша йукъаравелира, хӀунда аьлча цуо лорура Меликишвили шел а воккха Ӏилманча), штатехь вара 17 хьехархо (7 профессор, 5 гӀовс, 2 Ӏилманан куьйгалхо, 3 лектор). Хьеха балийна бара профессорш И. Кипшидзе (филологи), А. Бенашвили (геодези а, астрономи а), К. Кекелидзе (делан дош), Д. Узнадзе (философи), Ф. Гогичаишвили (философи). Москохара кхайкхира доцент А. Размадзе (математика), Петарбухара — доцент С. Авалиани (истори), уьш боцуш гӀовсаш хилира Ш. Нуцубидзе (истори), Г. Ахвледиани (мотт Ӏамор), А. Шанидзе (филологи), Ӏилманан куьйгалхой — Е. Такайшвили (археологи), Ю. Абуладзе (гӀажарийн мотт), европин мнттанаш хьоьхура Е. Орбелиани (французийн), В. Гамбашидзе (ингалсан), И. Кипшидзе (немцойн), гӀертара хьехархо ван Гуьржийчохь веха немцойн йаздархо Лейст Артур а. Дешаран план йукъайоьдура философи, психологи, мотт Ӏамор, дош Ӏамор, истори, экономика, логика, кхечу мехкийн меттанаш хьехар. Университетан библиотека гулйира наха ахча делла, дуккха а цхьацца бен доцу жайнаш иэца аьтту белира, масала, А. Бенашвили бахьнехь — Кавказан тӀеман гуонан библиотека.
Университето дӀалецира Цхнетан урамера элийн гимнази хилла гӀишло (1906, архитектор С. Клдиашвили), юьхьанца дуьйна а ойла йолуш кхузахь йилла къоман[2]. Оцу хенахь университет латтаран коьрта хьост дара дешарна луш долу ахча (100 сом шарахь).
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.