From Wikipedia, the free encyclopedia
Нашха (иштта оьрсийн лит-рехь: Нашх, Нашаха; нох. Нашха, Нашаха) — лекхалаьмнашкара историн мохк бу Къилбаседа Кавказан юккъехь. Таханлера локализаци — Нохчийн Республикин къилба-малхбузехь, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а, дакъа Итон-Кхаьллан а кӀошташкахь ю. Гихи а, Рошни а хишшан йукъара лаьмнашкара меттиг дӀалоцу цуо.
Нашха | |
---|---|
Географин регион | Къилбаседа Кавказ |
ЙукъайогӀу | Нохчийчоь |
|
Мохк бевзаш бу юккъерабӀешерашкара муьрера нехан йукъараллийн-тайпанийн даймохк аьлла[~ 1] Нашхой (оьрсийн меттахь — нашхойцы) этногенезан компонент ю хӀинцалера нохчийн. 1944 шо кхаччалц нах бехара, оцу шарахь меттигера бахархой махкахбехира Кхазакхстане.
Нашха цӀе йолу шира заманалера меттиг таханлерчу Ӏилманан-публицистийн литературехь, цхьа шеко йоцуш, юцуш ю Нашхой цӀе лелийнчу йукъараллица (нахаца). Цхьаболчу белхашкахь, уьш синонимаш санна далодо. Нашха\Нашхой юьйцучохь, авторша, дукхахьолахь, шайн белхашкахь кхетадо — нашхой этносийн тоба\этногруппа ю, ткъа Нашха церан дуьххьара баха хевшина шира меттиг ю бохуш а.
Иштта цхьайолчу литературехь ширачу заманалера меттиг Нашха хьахайо тайп-тайпанчу цӀерашца — ламасталлин цӀера тӀера (акъари? Шу? Урочище (мас. И. А. Арсаханов 1969[1], А. С. Куркиев 2005[2] кхин дӀа а.) «этнографин кӀошта» тӀекхаччалц (А. С. Сулейманов 1978[3]).
Нохчийн меттан талламхочо А. Г. Мациевс ялийна гипотеза, цо дийцарехь Нашха/Нашхой цӀе йолу меттиг, я цӀе йоккху нах, и цӀерш, хила тарло нохчийн къомана нохчий аьллачу цӀарна лард хилла дӀахӀоьттинарг — нохчий[4] (хьажа. Нохчий. Этимологи). Иштта цу вариантана тергам бан хьакъ лерина нохчийн гӀарабевллачу Ӏилманчаша а, царах ву лингвист, ф.Ӏ. д.., профессор И. Ю. Алироев[~ 2] а, и.Ӏ.д., профессор Ш. Б. Ахмадов[5] а.
Нохчийн мохкбовзаран талламхочо, педагога а, халкъан поэта а А. С. Сулеймановс шен белхан шолгӀачу декъехь «Топонимия Чечено-Ингушетии» (1978) дуьххьара Нашхой цӀе лелочу йукъараллин (нехан) меттиг йийцина. (Нашха боху дош тидаме оьцуш).
А.С. Сулемановс дийцарехь, Нашха лаьтта Гихан а, Роьшнин а хишшан юккъехь, ширачу заманахь дуьйна билламе диллина шина декъе йекъало – ТӀехьа-Нашха/ТӀийхьа лома[~ 3] а, Сехьа-Нашха а. ТӀейха-Нашха лаьтта Нашахаломана къилбаседехьа, ткъа Сехьа-Нашха – къилбехьа [6].
Дуккха а болчу Ӏилманчашна хетарехь Нашха дукхахдолчу вайнехан тайпанийн дай баьхна латта ду [2],20-х гергга нохчийн тайпанан[~ 4]) шайн дай цу шира заманалерчу меттигера арабевлла а лору[3]. Дукхахдолчу ширачу дийцарша довзийтарехь, Нашха нохчий дуьххьара баха хевшина шира меттиг ю. Цундела ду нохчашна йукъахь лелаш, Нашхара схьаваьллехь цӀена нохчий ву бохург[4].
2002 -чу шарахь язбинчу балха тӀехь Ш. Б. Ахмадовс Нашха я йукъаралла (нах) ю, я эвла ю бохуш цӀе йоху, иштта цо дийцарехь кхузахь лаьттина вайнехан коьрта урхаллин йукъ «Къанойн кхеташо[5] (кхузахь иза эян мегар дац вайнехан кхинйолчу урхаллин институтаца — Мехк-кхелаца).
А. С. Сулеймановс, махкара дахаран хаттар а мелла а кӀаддеш, яздо, нашхой лаьмнашкара дахар хала хиларна, дикка хан ю шайн ярташ йитина, Нохчийн шерачу аренашкарчу ярташка а, гӀаланашка баха охьабаьхкина[7]. Амма нашхойх дикка дакъа Нашхахь баьхна 1944 шо кхаччалц, ма-дарра дийцича, меттигера нах Кхазакхстане нуьцкъаца дӀакхалхабаллалц[1] (операция «Чечевица»).
1978-чу шарахь язбинчу балха тӀехь А. С. Сулеймановс гойту нашхоша Хьайбаха а, ХIийлаха а[7] шайн деган йукъ ю бохуш къастош хилар. Амма тӀаьхьо шен юха арахецначу изза балха тӀехь («Топонимия Чечни» (1997)) нашхойн деган йукъ кхин эвла къастайо — Моцкъара[8].
ЦӀе | Йолу меттиг | Цунах лаьцна, истори | Координаташ | Тайпаш а, некъеш а лаьмнаш а | |
---|---|---|---|---|---|
цӀе | кхин яздаран кеп | ||||
Лакха Ӏаьжгиечу[8] | Лакха Iаьжгиечу/Iажгечу[8] | кӀотар Зархиен къилбседа-малхбузехьа[8] | |||
Лаха Ӏаьжгиечу[8] | Лаха Iаьжгиечу/Iажгечу[8] | кӀотар | |||
IаршIалечу[8] | кӀотар[8] | ||||
ГIарбихьаькханчу[8] | кӀотар[8] | ||||
ДийхьакIотар[1] | |||||
Ехкачу[8] | кӀотар[8] | ||||
Зарха? | Зерха[1][8], Зархие[8] | кӀотар[8] | |||
Кейчу? | КIайгаюхе[1], КIайчаюхе[8] | кӀотар[8] | |||
Кел-База? | КIийлахбасо[1], КIелахбаса[8] | кӀотар[8] | |||
МогIасте[8] | МогIаста[1], МогIасте[8], МогIуста[8], МогIусти[8] | кӀотар Гиха-хин аьтту бердана 1.5 чаккхарма дехьа а, Лахарчу Ажгечун 1 чаккхарма къилбседа-малхбузехьа[8] | |||
Моцкъара | МоцIара[9], Моцкъара[10][8], МоцIарха[8] | эвла ЧIармахан 2 чаккхарма малхбузехьа[8] | |||
Мушечу | Мушечу[8], Муьшие-Чу[8], Муьшиечу[8] | кӀотар[8] | |||
Нохчийн кӀотар[8] | Нохчийн кӀотар[8] | Гиха-дукъа тӀехь[~ 5][8] | |||
Саканан-Жела? | Саканжиеле[8] | кӀотар[8] | |||
Терхие | Терхие[8] | Мушечун 5 чаккхарма малхбузехьа а, ХӀийлахан 3 чаккхарма къилбседа-малхбузехьа а[8] | |||
ТӀиста | ТIиста[1][8] | эвла[8] | |||
Хьайбаха[8] | Хьайбаха[9][8] | Гиха-хин аьрру генна тӀера эвла, Моцкъарна 2 чаккхарма къилбехьа[8] | |||
ХӀийла | ХIийла[9][8], ХIийлах[8] | эвла[8] | |||
Хьижахка[8], ГIой[8] | эвла[8] | ||||
Хотташкоча[1][8] | кӀотар[8] | ||||
ЧӀармаха[8], | ЧIармаха[9][8] | Ӏункарчу басен кӀелара эвла, Моцкъарна 2 чаккхарма малхбалехьа[8] | |||
Нашхан кхин нах беха меттигаш: Ажгиечу, Бакин котар, Беной, Бовн ара, Бончу дига, Гелаханан ирзуо, Гихчу котар, Дигал, Ехкачу ара, Зархие/Зирхие, Кайчу юххие, Кегана юх, Ковхи, Лакха ажгиечу, Могуста, Моцкара, Мужболчу, Мушиечу, Нохчийн котар, Роьшничу, Селахан гечу, Тангичу, Терхие, Хьайбаха, Хижигхо, Хийлах, Хоче коча, Чармаха, Шина инчу. Отдельно: Мозарга. ТӀийста, Хьоче-Коча, Яхкачара.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.