![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/8/85/Imam_Mahdi.png/640px-Imam_Mahdi.png&w=640&q=50)
МахӀди
исламехь, къемат-дийнан билгалонех волу стаг / From Wikipedia, the free encyclopedia
МахӀдӣ (Ӏаьр. المَهْدِيُّ) йа Ларвеш волу МахӀди (Ӏаьр. المَهْدِيُّ الْمُنتَظَرُ Аль-МахӀди аль-Мунтазар), шийӀашна гергахь Къайлаваьлла имам[1] (Ӏаьр. الإمام الغائب Аль-Имамул-ГӀаиб) — ислам динехь, иза тӀаьхьарчу заманахь, лаьтта тӀера адамийн дахаран чаккхенгахь гучувер волу стаг ву. Иза нийсо йеш воккха паччахь хир ву, лаьтта букъ тӀера зуламаш а, бохамаш а чекхбохучу дарже кхаччалц. Цо йаржор йу нийсо а, нийса ислам дин а, тӀемаш а бийр бу, исламан мостагӀашна тӀехь толам а боккхур бу, къаьсттина «жуьгташна» тӀехь.
![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/8/85/Imam_Mahdi.png/640px-Imam_Mahdi.png)
Исламан хьосташкахь иза гучувер ву аьлла барт хиллехь а, амма цуьнан адаман (личность) хьокъехь ойланаш йекъайелла. Ткъа къегина бекъабалар бусалбан йоккхачу шина тобана йукъахь ду: суннатхошна а, шийттаннийн (иснаӀашарийят) шийӀашна а. Суннатхоша боху, иза шен цӀе Мухьаммад пайхамаран цӀарца йогӀуш стаг хир ву (Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ аьлла), иза дуьнен чу вер ву массо а адам санна, ша МахӀди хилархьама[2]. Ткъа шийттаннийн шийӀаш тешаш бу иза Делан элчан цӀийнан охӀланах ву, цуьнан йоӀан ФатӀиматан берех, шен цӀе Мухьаммад ибн аль-Хьасан а йолуш, хӀижрин 255-чу шарахь дуьнен чу а ваьлла, цу хенахь дуьйна дийна а ву, амма бӀаьргех къайлаваьлла ву, тӀаьхьарчу заманахь шен пачхьалкх дӀахӀотто гучу а вер ву аьлла[3].