Лааме́ Пачхьа́лкхийн ДоттагӀа́лла (ЛДП) — дуьненайукъара кхоллам, Ӏалашо йу хьалха СССР йукъахь лаьттина пачхьалкхашна (амма массо а йац[⇨]) йукъара цхьаьнагӀуллакхдаран йукъаметтигаш нисъяр. ЛПД бац пачхьалкхан тӀехулара кхоллам, болх бо лааман бух тӀехь.

Доца факташ Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла, Дакъалла ...
Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла
Thumb
Дакъалла
Административан центр

Белорусси Минск: Кировн ур., цӀ. 17
Росси Москох: Софийски набережни, цӀ. 34/1

Росси Петарбух: Таврически гӀала
Организацин тайпа дуьненайукъара кхоллам
Официалан меттанаш оьрсийн (белхан мотт)
Куьйгалхой
Пачхьалкхийн Коьртанийн кхеташонан
председатель
Узбекистан Шавкат Мирзиёев
Гуттаренна а болчу векалийн кхеташо Росси Андрей Шведов
Кхочушдаран секретарь Росси Сергей Лебедев
Пачхьалкх-председатель  Узбекистан
2020 шеран 1 январехь дуьйна
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1991 шеран 8 декабрехь
Схьаевлла организацеш Союзан пачхьалкх
CIS.Minsk.by
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ДӀачӀагӀа

Кхоллам кхоллар

Thumb
ЛПД байракх
(1991—1996)
Thumb
Украинин Президент Кравчук Леонид (аьрру агӀора шолгӀа), Республика Беларуссин Лакхара Советан Председатель Шушкевич Станислав (аьрру агӀора кхоалгӀа), Российн Федерацин Президент Ельцин Борис Николаевич (аьтту агӀора шолгӀа) ССРС дӀаяккхаран а, Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла кхолларан а барт тӀехь куьг йаздаран церемонин хенахь. Белоруссин Къоман «Беловежская пуща» паркера Правительствон резиденци Вискули
Thumb
РСФСР Президент Ельцин Борис Николаевич (аьтту агӀора шолгӀа), Украинин Президент Кравчук Леонид (аьрру агӀора), Кхазакхстанан Президент Назарбаев Нурсултан (аьрру агӀора шолгӀа), Беларуссин Лакхара Советан Председатель Шушкевич Станислав (аьтту агӀора) ЛПД кхолларан Протоколан куьг йаздинчул тӀаьхьа. Кхазакхстан, Алма-Ата

ЛПД кхоьллира БССР, РСФСР, Украинин кортоша 1991 шеран 8 декабрехь Брестан (Белорусси) бухара Вискулихь (Беловежская пуща) «Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла кхолларах барт» тӀе куьг йаздарца (МХГӀ бевза Беловежски барт аьлла).

Преамбулех а, 14 йаззамах а лаьттачу документехь, хоуьйту, ССРС геополитикин бакъдерг хилла дуьненайукъара бакъонан субъект йолчура дӀаялар. Амма, къаьмнийн йукъараллин историн, царна йукъара уьйранийн бух тӀе а тевжина, шина агӀоран берташ лерина, демократин бакъонийн пачхьалкхе гӀертарна, вовшен къобал дина, пачхьалкхан суверенитетан ларам баран бух тӀехь йукъаметтигаш кхио ният хиларна, агӀонаша барт бира Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла кхолла.[5]

10 декабрехь бертан ратификаци йира Белоруссин Лакхарчу Совето а, Украинин Лакхара радо а, ткъа 12 декабрехьРСФСР Лакхара Совето[6]


Емал яр

Ладаме гӀалат даьккхира и кхоллам бечу хенахь. Иза, тарло, латта там бара, нагахь йинехьара Маьрша пачхьалкхийн къаьмнийн доттагӀалла — аса билгала доккху дош «маьрша», цунна чохь хӀора пачхьалкхан бакъонаш: Эрмалойчоьнан, Гуьржийчоьнан, Азербайджанан — ларйина хир йара. Абхазаш Абхазехь леладо российн эскарш, гуьржийн бахархой арататта. И Къаьмнийн доттагӀалла ду? Российс лелайо ЛПД, шира импери керла кепе йаьккхина Ӏалашъян, цунна тайп-тайпана механизмаш дагайохкуьйтуш. ЛПД хьалханчашп цкъа а ца гӀоьртира дӀадерзо эрмалой-азербайджанийн дов йа советийн хилла зонера мехкашкара кхин девнаш. Аса мацах элира ЛПДх йоккха бакъонаш йоцу колхоз. Иштта колхоз йоханза йера йац, иза хилла даьлла ала мегар ду[7]

—«Советская Россия» 29 декабря 2007 года, В. Отставных статьях

Ахча

РФ Коьрта банкас арахицира ЛПД леррина ахча..

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.