![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/6/65/Gujarat_Gulfs.jpg/640px-Gujarat_Gulfs.jpg&w=640&q=50)
Камбейн айма
From Wikipedia, the free encyclopedia
Камбе́йн айма[1][2] (хӀинди खंभात की खाड़ी, Кхамбат[3]) —хӀиндин Гуджарат штатера ХӀиндистанан къилбаседа-малхбузан бердаца йолу Ӏаьрбийн хӀордан айма. Цуьнан йохалла 130 км ю. Цуо къастадо малхбузехь лаьтта ахгӀайре Катхиявар Гуджаратан кхечу декъах малхбалехь. Камбейн айман чу кхета хиш Нармада, Сабармати, Тапти. Ша айма кӀорга йац, дукха гӀамаран гомхаллаш йолуш. КӀорга ца хиларо бердан аса ловзайо хӀорд тӀекхеташ а, чубужаш а. Цунах пайда оьцу меттигерчу верфаша.
Камбейн айма | |
---|---|
![]() | |
Лаьтта меттиг | |
22°10′01″ къ. ш. 72°25′19″ м. д.HGЯO | |
Лекхахь йолу акватори | Ӏаьрбийн хӀорд |
Пачхьалкх | |
![]() |
Камбейн айма ширачу заманара дуьйна хилла ладаме йохк-эцаран центр. Цуьнан порташа вовшех тосу ХӀиндин чоьхьара дакъа ХӀиндин океанан йохк-эцаран хӀордан некъашца. Историн маьӀна долуш ю порташ Бхаруч, Сурат, Камбей, Бхавнагар, Даман. Бхаруч хилла уггар маьӀна долуш антин муьрехь, ткъа Камбей — Юккъера бӀешерашкахь. Портан хьалха дуккха а гӀум хьаькхначу заманахь, цуьнан меттиг дӀалецира Сийлахь Моголийн империн Сурата.
ХӀиндан цивилизацера лору Камбейн айман уллора ширчу яртийн (Лотхал юрт) ларш карийна 2002 шарахь.
Карбон хиллачу дечиган кийсикан 9500 шо хан билгалъяьккхина.