бусалбанийн беттан рузма From Wikipedia, the free encyclopedia
Исламан рузма (Ӏаьр. التقويم الإسلامي), ХӀижрин беттан рузма (Ӏаьр. التقويم الهجريّ القمريّ) йа Ӏаьрбийн рузма (Ӏаьр. التقويم العربيّ) — иза беттан рузма (календарь) йу, динан дезденош билгалдахархьама бусалбанаша лелош йу иза. 2016 шо кхаччалц цхьадолчу бусалбачу мехкашкахь лелайора иза официалан рузма санна. Шераш дагардан долийна хӀижратера (16 июль вайн эран 622 шо)[1] — Мухьаммад пайхамар ﷺ а, дуьххьарлера бусалбанаш а Маккара Мадийнате дӀакхалхарна тӀера. Цундела бусалбачу мехкашкахь оцу рузманах «ХӀижрин рузма» олу.
Рузма | |||
---|---|---|---|
Рузманах дерг | |||
Рузман тайпа |
Беттан | ||
ЧухӀоттам високосийн | 11/30 (Ӏаьрбийн цикл) 3/8 (туркойн цикл) | ||
| |||
Кхин рузманаш | |||
Армелинан •Эрмалойн: шираэрмалойн, керстачеран • Ассирийн • Ацтекийн • Бахаин • Бенгалийн • Буддийн • Вавилонан • Византийн • Малхбаленславянийн • Вьетнаман • Гильбурдан • Голоценан • Григорийн • Гуьржийн • Дарийн • Ширагрекийн • Ширамисран • ШирахӀиндин • ШирагӀажарийн • Шираславянийн • Жуьгтийн • Зороастрийн • ХӀиндийн • Инкийн • Иранан • Ирландин • Исламан • Кельтийн • Цийн • Контан • Коптийн • Малайн • Майян • Масонийн • Миньго • Непалан • Керлаюлианан • Пролептийн: юлианан, григорианан • Руман • Румийн • Симметрин • Советийн • Цхьанаэшшарниг • Тамилан • Тайхойн: беттан, маьлхан • Тибетан • Кхаазаман • Туван • Туркменийн • Французийн • Хакасийн • Ханаанейн • Хараппийн • Чучхе • Шведийн • Шумерийн • Эфиопийн • Юлианийн • Яван • Японийн |
Де-буьйса, бусалбанийн рузманца долало малх чубуьзча, григорианан рузманца санна буьйса юккъе яхача ца болало. Бутт болало неомени хилча, аьлча а, Беттан хӀоз маьркӀажа хенахь бутт кхетарехь дуьххьара ма-гиннехь. Дукха хьолахь хуьлу бутт кхетначул тӀаьхьа 1—3 де даьлча.
Синодикан беттан бохалла хуьлу юккъера барамехь 29,53 де-буьйса гергга, цундела исламан рузман баттахь хила тарло 29 йа 30 де. Нагахь 29-гӀа дийнан сарахь стиглахь Бутт гахь, тӀедогӀу де-буьйса керлачу беттан хьалхара лору. Нагахь Бутт ца гахь, тӀаккха керла де-буьйса беттан 30-гӀа хуьлу. ТӀетоьхна денош мегаш дац, цхьаъ де доцург, и де леладо бутт кхетар беттан 1-ра терахьан герга лелорхьама. И де юкъатуху зуль-хидж беттан.
Бутт кхетаран терахь лара атта делахь а, ахбутт боккъал маца кхета ала чӀогӀа хала ду. Иза дозу дукха факторех, масала, хенан-хӀоттам, атмосферан оптикан хьал, терго ечун географин хьал. Цундела хала ду керла бутт маца болало хьалххе хаьа. Цул сов, синодикан беттан бохалла, хила тарло, ялх сохьтал сов йа беха цуьнан юккъерачу барамал, цундела неомени тӀекхача тарло де хьалха а, де тӀаьхьа а Бутт гаран юьхьиган лардечу юккъерачу терахьал[2].
ХӀинца беттан юьхьиг билгалйоккху ши агӀо ю. Цхьаболчу мехкашкахь керла бутт тӀекхачар билгалдоккху къуона Бутт гаран факт хилча. Беттан хӀоз гар тешалла дан деза, лаххара а, тешаме волчу шина бусалбачо. Амма дукхаха болу исламан мехкашкахь лелайо астрономин бакъонаш, цара таро йо неомени тӀекхачар хьалххе билгала даккха. ХӀора махкахь шайн-шайн бакъонаш ю. Терхьан, беттан, шеран цхьаьнадаран йукъара бакъонаш ца хилар, дац билгала де гайтар. Цундела и чолхалла дӀаяккха оьшу кхин а кӀиранан де а.
Исламан рузман шо лаьтта 12 беттах, цунна чохь ду 354 йа 355 де. Тайп-тайпанчу мехкашкахь лелайо бес-бесара хийцадаларан циклаш 354 де долуш а, високосан 355 де долуш а. Високосан шо юкъадаккхар кхетадо, 12 синодикан бутт нисса 354 де цахиларо. «Ӏаьрбийн цикл» лаьтта 30 шарахь: 19 шо 354 де долуш, 11 високосан 355 де долуш. Високосан шераш 2, 5, 7, 10, 13, 16,18, 21, 24, 26, 29-гӀа. «Туркойн цикл» лаьтта 8 шарахь. Високосан шераш 2, 5, 7. Кхин цхьа де тӀетуху тӀаьхьарчу беттан[3].
Исламан рузман шо 10 йа 11 де маьлхан шерал доца долун дела, цуьнан беттанаш дикка сиха хийцало шеран замане хьаьжча. Масала, цхьана хенахь аьхкенахь хилла, цхьа хан яьлча Ӏай хуьлу.
Исламан рузма |
---|
1. Мухьаррам |
Тахана: кхаара |
Бехкамийн беттанаш (Ӏаьр. الأشهر الحرم) — джахилан заманахь КаӀбатан гуонаха виен а, тӀемаш бан а, талла а ца магийна исламан рузман беттанаш. Иштта бутт биъ бу: зуль-къаӀдат, зуль-хьиджат, мухьаррам, раджаб. Бехкаман беттанаш исламехь деза лору[4].
Бехкамийн бахьна дара хьаьж доьхкучеран кхерамазалла, ткъа КаӀабате богӀучара латтайора лакхара йохк-эцар а, шортта са а. ТӀом ца бича ца бевлча, Ӏаьрбаша-жахилаша дӀатоттура «бехкаман» бутт хьалха а, тӀаьхьа а, тӀаккха паргӀата тӀемаш дора. Исламан историн хьалхарчу шерашкахь бусалбачара иштта лелабора и бехкамаш[5]. Амма, хӀиджратан шолгӀачу шарахь (Мединат кхалхар) раджаб бутт чекхболуш, Нахле хьажийна бусалбанийн талламан тобано бехкам боха а бина, тӀелетира маккахойн ковран. Бусалбачаьрца хиллачу тӀамехь вийра Ӏамр ибн аль-Хадрами, ткъа кхин цуьнан ши новкъахо йийсар вира. Маккан джахилаш бехке бира бусалбанаш йукъара тӀеэцна законаш дохорна, амма дукха хан ялале АллахӀа доссийра Мухьаммад пайхамарна ﷺ Аль-Бакара сурат йукъара 217 аят, цуо бакъо елира бехкаман баттахь тӀом бан[6].
Исламан бакъончаша (факъихӀаша) боху, бехкаман беттанашкахь тӀом хьалха боло мегар дац, амма бакъо ю болийнарг дӀабахьа а, чекхбаккха а, нагахь тӀом кхечу баттахь болийнехь. Бехкам ца хьахало нагахь мостагӀ тӀелеттехь мехкан зулам дан Ӏалашо йолуш[7].
КӀиран де | Ӏаьрбийн цӀе | Транслитераци | МаьӀна | Билгалдаккхар |
---|---|---|---|---|
КӀиран де | الأحد | аль-Ахьад | хьалхара | |
Оршот | الإثنين | аль-Иснийн | шолгӀа | Марха кхабар дика ду. |
Шинара | الثلاثاء | ас-Суласа́ъ | кхоалгӀа | |
Кхаара | الأربعاء | аль-Арбиа́ъ | деалгӀа | |
Еара | الخميس | аль-Хами́йс | пхеалгӀа | Марха кхабар дика ду. |
ПӀераска | الجمعة | аль-ДжумӀа | гулам | Бусалбачеран жамаӀатца перза ламаз даран де. Исламан мехкашкахь и де мукъа де ду. |
Шот | السبت | ас-Сабт | садаӀар |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.