Импери Мин
From Wikipedia, the free encyclopedia
Сийлахь Минан импери (ций. 大明朝, : Dà Míng Cháo, : да мин чао) — пачхьалкх, кхоллайелла цийн латташ тӀехь монголин империн Юань латтанаш тӀера Ӏедал дожийначул тӀехьа. Лаьттина 1368 шерера 1644 шо кхаччалц. Минан коьрта шахьар Пекин 1644 шарахь Ли Цзычэнан гӀаттам бахьнехь йоьжначул тӀехьа, минан доьзалан муьтӀахь йолчу ражан (Къилба Мин) тергонехь йисира пачхьалкх 1662 шо кхаччалц.
Историн пачхьалкх | |||
Сийлахь Минан импери | |||
---|---|---|---|
大明 | |||
|
|||
1368 — 1644 (1642)
|
|||
Коьрта гӀала |
Нанкин (1368—1421, 1644—1662) Пекин (1421—1644) |
||
Мотт (меттанаш) | цийн | ||
Официалан мотт | Китайн мотт | ||
Дин | Буддизм, Даосизм, Конфуцианалла | ||
Ахча |
фидуцуциаран ахча (1368—1450) биметаллизм |
||
Майда | 6 500 000 км² (1450)[1][2] | ||
Бахархой |
65 000 000 (1393)[3] 125 000 000 (1500)[4] 160 000 000 (1600)[5] |
||
Урхаллин тайпа | абсолютан монархи | ||
Медиафайлаш Викилармехь |
ЛадогӀа йаззаме
|
Аудиойаздар кхоьллина бух тӀехь версеш йаззамаш 41843597 шеран Йаздарехь гӀалат ду: девзаш доцу дош «ru»
|
Мин имперехь флот йинера, гуттараенна эскар динера, цуьнан барам кхочура миллион стаг[6]. Лаьттийн долара сектор беха тӀемаш бина жимделла кхоалгӀа декахь цхьа дакъа санна, цунна дуьхьала пачхьалкхан сектор тӀекхетна. Шен дуьхца, имперехь тоьлла ардийн система, и хоттар формалан кхайкхийна а доццушехь. Йуккъера урхалла морса даьккхира, гӀертара гражданийн дахаран йерриг кхачонашна регламент хӀотто. Хьалхара шин императоро аьттонца динчшехь — Чжу Юаньчжана а, цуьнан кӀанта Чжу Дис а — хан мел йели империн пачхьалкхан апппаратехь гучудевлира талхаран хьесапаш, XVII бӀешо долалуш иза коррупци хуьйдина йара, императоршна хаза ца хетара политика, дерриг лакхара Ӏедал карахь дара дукха гуонан (гергарчеран, цӀуьхӀарийн, паччахьан кертарчеран). Къоьлла хьакхайелла аграран йукъаметтигех: тоталан императоран уллерчара латта долоадаккхар бахьнехь, пачхьалкхан сектор практикехь тӀепаза йайра. Минан Цийчоь йолайелира ша шен изоляци йаран политика лело. Оцу хенахь Цийчоьнан килбаседа-малхбален йисташкахь кхоллайелла къона, амма ницкъ болу маньчжурийн пачхьалкх, куьйгаллехь тайпа Нурхаци долуш. Ли Цзычэнан ахархойн гӀаттамах пайда эцна, цара схьалецира Пекин, тӀетуьйхира Цийчоь маньчжурийн Цийн империна.
Коьрта шахьар йоьжначул тӀехьа, император Чжу Юцзянь, ша шена виер бахьнехь, урхалчаш Минан тергонехь дисинчу Нанкинан, Фуцзянан, Гуандунан, Шаньсин, Юньнанан мехкашка координаци ца йан йелла шен гуллакхан 1662 шарахь карайахана маньчжурийн. Къилба Мнинан коьрта баьччех цхьаъ волу, Чжэн Чэнгуна, маньчжурашна дуьхьала материк тӀехь къовсам латталур боций хууш, сацам бира материк а йитина (шегахь ши база йитина — Сямэнь а, Цзиньмэнь а), голландхой лахка Тайвань тӀера, гӀайренах дуьхьалонан коьрта база йан. Формалан Тайвань лорура мин империн дакъа, амма законехь волу минан император Чжу Юлан вийначул тӀехьа, Чжэнан ца лаара монархан даржехь цхьан а къобал ван. Иштта кхолладелла дуьненан исторехь наггахь а хаалуш доцург — «монарх воцу монархи»; дерриг долу Ӏедал гӀйренан тӀехь карахь дара Чжэн Чэнгуан, фактехь кхоьллина волчу керла некъий. ЧжэнгӀар урхалла дира Тайванехь, тӀом бира маньчжурашца Мин империн байракх кӀелахь кхин а ткъа шарахь.