Зиярат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Зия́рат (Ӏаьр. زِيارة — гучу-вахар, тӀехӀоттар) — йезачу меттиге вахар (пахӀамарийн, авлияийн, шайхийн, имамийн кешнаш, ткъа Къилбаседа Африкехь дийна суьпийн шайхаш болчу эхар) а, иштта ша и йеза меттиг билгалъйаккхар (хьажа иштта макъам). Башха маьӀна ду бусалбанашна Мадинатера Мухьаммад пайхӀамаран ﷺ коше валар а хьаьж данле йа динчул тӀаьхьа. Ӏибадат йукъа догӀу: кошан уллехь Къуръанан сураташ дешар а, дуӀа дар а, кошан гуонаха хьовзар а, иза кечдар а, ткъа иштта сагӀа далар а. Зияратан чеккхенан Ӏалашо йу беркат кхачар а[1].
Исламан историн хьалхарчу бӀешерашкахь цхьаьна хӀуманна Ӏибадат дар делаца накъост тохар лорура. X бӀешо йуккъе даххалц Мухьаммад пайхамаран ﷺ каш а ца хилла Ӏамал йаран меттиг[2]. IX бӀешо чекхдолуш хааделла Элчан ﷺ а, асхьабийн а, исламехь лоруш болу Ӏалимийн а зияраташна тӀехула макъамаш а, маьждигаш а дар. Безчу нехан а, церан кешнийн а культ сиха кхуьу X бӀешо чекхдолуш. ЧӀогӀа йоккха роль оцу белхехь ловзийна суьпалло, цуо лору син-мехаллин устазаш (муршидаш, шайхаш) а, церан зияраташка эхаран ламаст а. Суьпеш лорура, шайхин йукъараллийца дӀаделла дуӀанашна АллахӀа жоп лур ду аьлла[2].
Ӏибадат даран объекташ хуьлу иштта Библин а, Къуръанан а пайхамарашца йоьзна меттигаш. Йуьхьанца безчу нехан кешнех а, кхечу динан сийлаллех а машхӀадаш олура. Зиярташна гуонаха наггахь маьждигаш а до. ЦкъаццӀа царех бух хуьлу йаккхийчу гӀаланашна (ОвхӀанера Мазари-Шариф, Ӏиракъера Неджеф, кхин а)[2].
Цхьаболчара йеза меттигаш лору шайн дайн кешнаш, цига боьлху башха дезачу деношкахь (ГӀурбан Ӏид)[3]. Масала гӀалгӀайн а, нохчийн а Ӏедал ду рамадан бутт болалуш авлияийн коше бовлуш[4]. ДегӀастанехь ду ЗахӀидийн зиярат, цига оьху дуккха а нах, цигахь до зикраш а, йоьшу мовлдаш.
- ЧІулга-Йуртара Манин зиярат
- Зияртера Манин чурт
- Хьесамак-Моллин зиярат
- МІомин зиярат