![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/4/4b/Western_Wall%252C_Jerusalem%252C_%252816037897867%2529.jpg/640px-Western_Wall%252C_Jerusalem%252C_%252816037897867%2529.jpg&w=640&q=50)
Жуьгтий
самхойх схьадалар долуш къам; Исраилан коьрта бахархой / From Wikipedia, the free encyclopedia
Жуьгтий, ЯхӀудий, Ӏебархой (Ӏеб. יְהוּדִים — «йехӀудим», идиш ייִדן/אידן — «(й)идн», Ӏаьр. يَهُود — «яхӀуд», ЯхӀуде йиллина цӀе йу) — иза самхойх схьадалар долуш къам ду, ширачу Исраилан а, ЯхӀудан а пачхьалкхийн бахархойх схьадаьлла долу, дуьненан дуккха а мехкашкахь дехаш долу, амма 1948-чу шарахь дуьйна иштта йолуш йу жуьгтийн пачхьалкх Исраил. Уьш схьакъаьсташ бу жуьгтийн динна йа оцу динах схьайаьллачу культурина а, тӀаьхьалонна а тӀаьхьабазарца. Бабило йийсарбиначул тӀаьхьа уьш бекъабелла яхӀудашка а, самирихошка а. Жуьгтийн дукхалла 2018-чу шар чохь лерича 14,6—17,8 млн гергга адам ду, «Berman Jewish DataBank» ма-бохху; царах 44,9 % Исраилехь Ӏаш бу, ткъа 39 % Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь бу.
Жуьгтий | |
---|---|
![]() | |
Шен цӀе | יהודים |
Дукхалла | 13,626[1]—13,855 млн[2] |
ДIасакхалхар | |
Дин | Иудаизм |
Этносин тобанаш | |
![]() |
Жуьгтийн дин дуккха а хийцамашкахула чекхдаьлла историн йохаллехь, къаьсттина ЯхӀудан пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа а, ШолгӀа килс йохийначул тӀаьхьа а, вайн эрин хьалхарчу бӀешарахь.
Ширачу весет чохь «яхӀуди» олучу терминан бух бевзаш бац. Амма и термин йалийна йу динан хьосташкахь а, Библин тептаршкахь а. Оцу хьосташа гойту «йахӀуди» олу термин ЯӀкъуб пайхамаран кӀанте ЯхӀуде йоьрзуш хилар.