Девтойчоь

From Wikipedia, the free encyclopedia

Девтойчоьmap

Девтойчоь (нем. Deutschland), официалан цӀе — Федерати́вни Респу́блика Девтойчоь (нем. Bundesrepublik Deutschland), ФРД (нем. BRD) — Йуккъерчу Европин пачхьалкх. Майда — 357 408,74 км²[11]. Бахархойн барам 31.12.2015 шо — 82 175 684 бахархой[12].
Дуьненахь бахархойн барамца 16-гӀа меттигехь йу (2-гӀа Европехь) цул совнах майданца 62-гӀа меттигехь йу.

Боца хаамаш Федеративни Республика Девтойчоь, Официалан мотт ...
Федеративни Республика Девтойчоь
нем. Bundesrepublik Deutschland[1][2][…]
Thumb Thumb
Байракх ХӀост
Девиз: «Цхьаалла, бакъо, маршо[3]
нем. 
Einigkeit und Recht und Freiheit[4]»
Девтойчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Thumb
Официалан мотт Девтойн мотт[прим 1][прим 2]
Коьрта гӀала Берлин
Урхаллин тайпа Федеративан парламентан республика
Федеральни президент
Федеральни канцлер
Йоахим Гаук
Ангела Меркель
Пачхь. дин Дан дац
Латта
  Шадерг 357 021 км² (62-гӀа дуьненахь)
  % хина тӀехле 2,42 %
Бахархой
  Мах хадор 80 523 746[5] стаг
  Ларар (2011) 80 219 695[6] стаг
ДЧС (НЭТ)
  Шадерг (2011) 3,089 трлн[7] долл.
  ХӀораннан а сина  (21-гӀа)
ДЧС (номинал)
  Берриг (2009) 39 442[7] долл. (19-гӀа)
АДКИ (2013) 0,920[8] (лакхара.; 5-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш девто, девтой.
Ахча Евро (EUR, код 978)[прим 3]
Интернет-домен .de, .eu (декъашхо санна ЕС)
Код ISO DE
Код МОК GER
Телефонан код +49
Сахьтан аса +1 (аьхккий +2)
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[9][10]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ДӀачӀагӀа

Коьрта гӀала — Берлин. Пачхьалкх — немцойн. 65 % герга бахархой керста динлелош бу.

Пачхьалкхан дӀахӀоттаран кепца федеративан пачхьалкх йу цуьна йукъахь йу 16 административан-территорин дакъош — федералан латтанаш (Бавари а, Баден-Вюртемберг а, Берлин а, Бранденбург а, Бремен а, Гамбург а, Гессен а, Мекленбург-Хьалха Померани а, Лаха Саксони а, Рейнланд-Пфальц а, Саар а, Саксони а, Саксони-Анхальт а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а, Тюринги а, Шлезвиг-Гольштейн а). Пачхьалкхан урхалин кеп йу — парламентан республика.

Европин бертан йуккъехь йу, Германин гонахьа бу Балтийн а, Къилбаседа а хӀордаш. Дозанаш ду Даница къилбаседехьа, Польшца а, Чехица малхбалехьа, Австрица а, Швейцариа къилбехьа, Францица а, Люксембургца а, Бельгица а, Нидерландашца а малхбузехьа.


Географи

Дозанца йолу пачхьалкхаш: къилбехьа — Швейцари, Австри, малхбалехьа — Польша, Чехи, малхбузехьа — Нидерландаш, Бельги, Франци.

ТӀие

Thumb
Германин топографии

Германин къилбаседехьара дакъа шен заманахь кхолла ела аренан тогӀе йу Къилба-Германин тогӀе, уггар лахара тӀадам Нойендорф-Саксенбандехь бу Вильстермарш цӀе йолу коммунехь, хӀордан сизал 3,54 м лаха. Йуккъера декъехь тогӀена гӀоьрттина хьуьн йолу ламанан кӀажа йу, ткъа къилбехьо долалуш ду Альпаш (Германин латтан техь уггар лекха тӀадам бу — Цугшпитце цӀе йолу лам, 2 962 метр).


Истори

Дуьххьара шира германхой хьахийна ширчу грекийн а, румхойн а белхашкахь. Уггаре хьалха хьахийначех цхьаъ ду 98 шо. Иза йаздина руман историко Тацита (лат. Tacitus). ХӀинцалерачу Германин берриг мохк Эльбан малхбале (славянийн Лаба) X бӀешо кхаччалц дӀалаьцна йара славянийн тайпанаша[13]. (уллера хьажа: полабийн славянаш). XIIXIV бӀешерашкахь и латташ доьд-доьдуш йукъадахара тайп-тайпанчу немцойн пачхьалкхийн кхолламашна, оцу хенахь хӀоттаман дакъа Сийлахь-Йоккха Руман Империн. Хан мел йолу меттигерачу славянашна массарна а санна ассимиляци йира немцоша. И процесс йахйелира Йуккъера бӀешерийн чеккхенгара, керла зама йолаяллалц, ткъа меттигашкахь, тӀеххьарчу, хӀинца а йуьззина ассимиляци йанза долчу славянийн къоман — лужичахойн, хӀинци а йоьдуш йу.

Руман импери йоьхначул тӀаьхьа Малхбузан Европехь кхоллайелира Франкийн пачхьалкх, цул тӀаьхьа кхо бӀе шо даьлча, Карл Сийлахь-Воккха волуш, империи хилира (800 шо). Карлан империс дӀалацнера хӀинцалерачу цхьа могӀа пачхьалкхийн мехкаш, царна йукъахь Германи а. Амма Карлан импери дукха ца лаьттира — оцу императоран кӀента бераш йийкъира иза шайна йукъахь, кхоллайелира кхоъ пачхьалла — Малхбуза-Франкийн (тӀаьхьа Франци), Малхбале-Франкийн (тӀаьхьа Германи), Йуккъера паччахьалла (сихха йекъайелира Италин, Провансан, Лотарингин).

Германин пачхьалкх кхолларан ламаст хилла терахь ду 962 шеран 2 февраль: оцу дийнахь малхбаленфранкийн паччахьан Оттон I-чун таж а тиллина Румехь, Сийлахь-Йоккха Руман Империн император хилира; и импери лаьттара мехкийн (нем. Land) конфедерацех, хӀоранна а дара шен эскар, арахоьцура шайн ахча. Сийлахь-Йоккха Руман Импери коьртехь лаьттара император, иза хоржура курфюрстийн кхеташоно, мехкийн векалийн меже йара, — Рейхстаг (нем. Reichstag). ХӀора а махкехь йара сословин монархи ландтаг (нем. Landtag).

Иштта хьал лаьттира 1806 шо кхаччалц, Наполеон I-чун Ӏаткъамца йохийра Сийлахь-Йоккха Руман Импери, ткъа цуьнан император волавелира Австрийн императоран дарж лело. Немцойн пачхьалкхийн барм хаъал охьабелира, кхоьллира Рейнан Союз, иза а йара иштта маьршачу мехкех лаьттачу конфедераци. Рейнан бертан коьртехь лаьттира Федералан Президент (иза вара Французийн Император) а, шеш долу мехкийн меже — Бундестаг (нем. Bundestag) а.


Пачхьалкхан дӀахӀоттам

Бакъонийн система

Суьрташ

Административан йекъайалар

хьажа иштта Германин латтанаш

Thumb

Германи йу — федеративан хӀоттам болу пачхьалкх; цуна йукъайогӀуш йу 16 цхьаттера бакъонаш йолу регионаш — латтанаш (land)

Ма-дарра Латта, Коьрта гӀала ...
ЛаттаКоьрта гӀалаЛаттан немцойн маттахь цӀеКоьрта гӀалин немцойн маттахь цӀе
1. Баден-ВуьртембергШтутгартBaden-WürttembergStuttgart
2. Маьрша латта БавариМуьнхенFreistaat BayernMünchen
3. БерлинБерлинBerlinBerlin
4. БранденбургПотсдамBrandenburgPotsdam
5. Маьрша ганзейн гӀала БременБременFreie Hansestadt BremenBremen
6. Маьрша ганзейн гӀала ГамбургГамбургFreie und Hansestadt HamburgHamburg
7. ГессенВисбаденHessenWiesbaden
8. Мекленбург-Хьалхара ПомераниШверинMecklenburg-VorpommernSchwerin
9. Лаха СаксониГанноверNiedersachsenHannover
10. Къилбаседа Рейн-ВестфалиДуьссельдорфNordrhein-WestfalenDüsseldorf
11. Рейнланд-ПфальцМайнцRheinland-PfalzMainz
12. СаарСаарбруьккенSaarlandSaarbrücken
13. Саксони (латта)ДрезденFreistaat SachsenDresden
14. Саксони-АнхальтМагдебургSachsen-AnhaltMagdeburg
15. Шлезвиг-ГольштейнКильSchleswig-HolsteinKiel
16. Маьрша латта ТуьрингиЭрфуртFreistaat ThüringenErfurt
ДӀачӀагӀа

Галерей

Билгалдахарш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.