ГелатӀе (Казбегин муниципалитет)
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
ГелатӀе[2], Гиелта[3] (гуьрж. გველეთი) — Гуьржийчоьнан Мцхета-Мтианетин Казбегин муниципалитетера эвла. Бахархойн дукхалла 2 стаг лерина 2014 шо)[1]. Лаьтташ йу Теркан аьрру бердйистехь[4][3], Теркан чӀажехь[2]
Эвла | |
ГелатӀе | |
---|---|
гуьрж. გველეთი | |
42°42′41″ къ. ш. 44°37′27″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Гуьржийчоь |
Мохк | Мцхета-Мтианети |
Муниципалитет | Казбегин муниципалитет |
Истори а, географи а | |
Центран локхалла | 1560 метр |
Сахьтан аса | UTC+4 |
Бахархой | |
Бахархой | 2[1] стаг (2014) |
Картин тӀехь | |
Евзаш йолу Балта, ГелатӀе, Ларс, Эрзи хилла Ваьппийн[5].
ГелатӀе йуьртара схьадевлла ду гӀалгӀайн гелатхой олу тайпа. Официалан йоккхуш йолу цӀе Гвилети йу. Оцу дешан орамехь нохчийн а, гӀалгӀайн а хьалха хиллачу динехь лерина волчу дела цӀе Гела йу (те — меттиган суффикс (тӀа). И маьлхан дела хилла. Гелатхой тайпанах бу гӀалгӀайн иштта фамилеш йолу нах: Бузуртанов (Несир-коьртара боцурш), Котиков, Азиев, Газиков, Кориев, Дасхоев, Чербижев, Пошев, Хучиев[2].
2014 шо) ларарца эвлахь бара 2 бахархой.
1926 шо) ларарца эвлахь бара 14 бахархой, царах 6 гуьржий а, 8 кистӀий а[6]
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.