From Wikipedia, the free encyclopedia
Бури́тӀе[4][5][6][7] (гӀалгӀ. Буро, хӀир. Дзæуджыхъæу — Дзауган йурт) — Российн къилбехьара, Къилбаседа Кавказан юккъерачу декъера гӀала. Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Аланин коьрта гӀала[8][9]. Кхуллу муниципалан кхоллам гӀалин гуо БуритӀе гӀала. 2007 шарахь БуритӀе гӀалан йелла сийлахь цӀе ТӀемлойн хастаман гӀала.
ГӀала | |||
БуритӀе | |||
---|---|---|---|
|
|||
43°01′00″ къ. ш. 44°41′00″ м. д.HGЯO | |||
Пачхьалкх | Росси | ||
Регион | Къилбаседа ХӀирийчоь | ||
ГӀалан гуо | БуритӀе гӀала | ||
ГӀалан гуон корта | Борис Харитонович Албегов[1] | ||
Истори а, географи а | |||
Йиллина | 1784 шарахь | ||
Майда | 291,61 км² | ||
Центран локхалла | 620 м | ||
Климатан тайпа | барамера тӀуьна (Dfb) | ||
Сахьтан аса | UTC+3 | ||
Бахархой | |||
Бахархой | ↘303 597[2] стаг (2020) | ||
Луьсталла | 1050 стаг/км² | ||
Агломераци | 330 076[3] | ||
Къаьмнийн хӀоттам | хӀирий, оьрсий, эрмалой, гуьржий, гӀалгӀай, азербайджанаш, украинаш, желтой | ||
Динан хӀоттам | православи, бусалба-суннийш, ААЦ, католикаш, протестанташ | ||
Официалан мотт | ХӀирийн мотт, оьрсийн мотт | ||
Идентификаторан терахьаш | |||
Телефонан код | +7 8672 | ||
Поштан индексаш | 362ХХХ | ||
Автомобилан код | 15 | ||
ОКАТО | 90401000001 | ||
vladikavkaz.osetia.ru | |||
Картин тӀехь | |||
Оьрсийн цӀе «Владикавказ» маьӀна долуш йу «Кавказан доладе» аьлла, гӀопан цӀе йелла П. С. Потёмкина. «Лаьмнашка чудовлучехь омар делла аса сайна гиначу меттигехь гӀап йогӀа аьлла, цӀе Владикавказ а йолуш» — гӀап йогӀарх хаам бо шен рапортехь инарла-поручика П. С. Потёмкина 1784 шеран 25 апрелехь.
Император-аьзни Екатерина II-гӀачун 1784 шеран омарца: «Лаьмнийн кӀажошкахь омар до аса гӀала кхолла, суна гина билгалайаьккхинчу меттигехь, цӀе Владикавказ йолуш».
1920 шо кхаччалц гӀала йукъайодара Теркан областан.
1928 шеран 13 октябрехь Къилбаседа-Кавказан мехккоман ВКП(б) бюрос, цуьнан секретаран А. А. Андреевн докладаца сацам бира Владикавказ гӀалех лаьцна.
БуритӀе гӀалин советан даздаран цхьаьнатоьхна Пленуман 1931 шеран 2 сентябран № 7 йолчу протоколца, ССРС ЦКХК сацаман бух тӀе а таьӀна Владикавказан цӀе хийцира Орджоникидзе гӀала аьлла.
ССРС Лакхарчу Советан Президиуман 1944 шеран 28 февралан № 795 йолчу омарца Орджоникидзе гӀалин цӀе хийцира Дзауджикау гӀала аьлла.
ССРС Лакхарчу Советан Президиуман 1954 шеран 24 февралан (лоьмар йац) омарца Къилбаседа-ХӀирийн АССР гӀалан Дзауджикаун цӀе йуха а хийцина Орджоникидзе аьлла.
Къилбаседа-ХӀирийн АССР Лакхарчу Советан 1990 шеран 20 июлан № 185 йолчу сацамца Орджоникидзе гӀалин цӀе хийцина Владикавказ[10] гӀала аьлла.
ГӀала лаьтта Къилбаседа Кавказехь, Теркан шинне а бердашца, Теркан чӀажан 30 км генахь. БуритӀера болало ТӀеман-Гуьржийн некъ.
Климатан хьолаш: лаьмнашна гергахь хиларна кӀадйина барамера климатан аса. Ӏа кӀеда, аьхке йеха, амма йекъа, дукхах дерг тӀех йовха а йоцуш. Январан йуккъера температуран барам: −1,9 °C. Июлан йуккъера температуран барам: +20,7 °C. БуритӀехь 2010 шеран 5 декабрехь хилла Россехь уггаре Ӏаьнан довха де, хӀаваъ дохделла +27,1 °C.
БуритӀе климат | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | Шо |
Юьззина максимум, °C | 20,2 | 23,0 | 30,3 | 34,0 | 35,0 | 38,0 | 37,5 | 39,2 | 38,2 | 33,5 | 28,7 | 27,1 | 39,2 |
Юккъера максимум, °C | 3,3 | 3,6 | 8,1 | 15,2 | 19,7 | 23,7 | 26,2 | 25,7 | 21,3 | 15,4 | 8,7 | 4,6 | 14,6 |
Юккъера температура, °C | −1,9 | −1,7 | 3,0 | 9,6 | 14,1 | 18,1 | 20,7 | 20,2 | 15,6 | 9,9 | 3,7 | −0,6 | 9,2 |
Юккъера минимум, °C | −5,6 | −5,6 | −0,8 | 5,1 | 9,6 | 13,5 | 16,1 | 15,7 | 11,2 | 5,8 | 0,2 | −4,2 | 5,1 |
Юьззина минимум, °C | −27,2 | −27,8 | −22,5 | −10,2 | −2,8 | 2,2 | 6,4 | 6,0 | 0,0 | −10 | −23,1 | −25 | −27,8 |
Йочанан норма, мм | 31 | 34 | 53 | 87 | 136 | 175 | 113 | 93 | 74 | 58 | 46 | 33 | 933 |
Хьост: «Пошоа и Климат» |
БуритӀе 2001—2011 шш. муьрехь климат | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | Шо |
Юккъера максимум, °C | 3,0 | 4,1 | 8,8 | 13,0 | 19,5 | 23,4 | 26,4 | 26,6 | 21,5 | 15,2 | 9,3 | 4,4 | 14,6 |
Юккъера температура, °C | −1,1 | −0,1 | 4,6 | 8,9 | 14,7 | 18,8 | 21,5 | 21,5 | 16,8 | 11,1 | 5,1 | 0,5 | 10,2 |
Юккъера минимум, °C | −5,1 | −4,2 | 0,5 | 4,7 | 10,0 | 13,9 | 16,6 | 16,4 | 12,2 | 6,9 | 0,9 | −3,4 | 5,8 |
Хьост: www.weatheronline.co.uk |
Лелочу хенаца а, географин дохаллийца а[11] йуккъера маьлхан делкъе БуритӀехь хуьлу 12:01.
«Электроцинкера»[12] а, кхечу заводашкара а белхаш бо билггала экологин баланаш. Саьнгалмусталлин цехера баланаш атмосфере аракхуьйсийта саьнгалах а, саьнгалан а газаш. Алсама аракхийсарш хилла 2003 ш[13][14][15]. Доккха масала хилла 2009 шеран 5 октябрехь хилла аракхоссар. Аракхоссаран бахьна дукхахдерг — адаман фактор ю, тойинчул тӀаьхьа болх дӀаболош персонало бертахь болх ца бар, хьаькамийн агӀора белхан тӀехь куьйгалла ца хилар, тояран белхаш дика бина ца хилар. Саьнгалан диоксидца хӀиттийна нормативаш, экологийн хаамашца, сов бевлира пхоьазза гергга, саьнгалан триоксидца — 196,6-за[16]. ГӀалахь хилира массийн резабацарш[17]. Къилбаседа-ХӀирийн парламентареш кийча бара и бала РФ Пачхьалкхан Думе дийцаршка даккха[18]. 2018 шеран октябрехь Электроцинкехь йоккха цӀе елира[19], егира электролитан цех, цӀе йогуш хӀаваэ девлира саьнгал, мышьяк, саьнгалан мусталлин Ӏаьнарш, кхин дӀевше газаш. ГӀалан бахархой арабевлира юккъерачу майдане дукха сиха завод дӀакъовла аьлла, цул тӀаьхьа митинге баьхкинчарна дуьхьала веира РКЪХӀ-Аланин корта, дош делира завод дӀакъовларан хьокъехь кхаж таса, республикин парламенто, цхьаъ санна массара а, кхаж тесира завод дӀакъовларан хьокъехь.
ГӀала кхоьллира, Теркан чӀаж чувоьдучехь, 1784 шарахь, оьрсийн гӀап санна. Иза доьзна дара Российн а, Гуьржийчоьнна а йукъара Георгийн трактат кӀела куьг йаздарца, цул тӀаьхьа ТӀеман-гуьржийн некъ бан болабарца. ГӀап йиллира Теркан аьтту берд тӀаьхь, ГӀалгӀайн йуьртан Заур-ков гергахь.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.