Бангладеш Олимпийн ловзаршкахь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Бангладеша дакъа лаьцна дерриг аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь 1984 шарахь дуьйна. Верриг Ловзаршкахь дакъа лаьцнарг оцу мехкан 49 векал ву (35 боьрша стаг а, 14 зуда а), цара дакъа лаьцна гольфан, йайн атлетикин, нека даран, спортан гимнастикин, кхийсархойн спортан, Ӏад кхоссаран къийсамашкахь. Бангладешера уггаре йоккха вакилат (7 спортхо) йара Рио-де-Жанейрора Ловзаршкахь. Ӏаьнан Олимпийн ловзаршкахь Бангладеша цкъан а дакъа ца лаьцна. Бангладешан Олимпийн комитет йиллина 1979 шарахь, ткъа ДОКехь регистраци йина 1980 шарахь
Бангладеш — уггаре луьста бахархой охьахевшина мохк бу, таханенна ца йаьккхина Олимпиадашкахь цхьан а мидал[1]. Мехкан таро йу шайн спортхой Олимпийн ловзаршка хьежо, коьртаниг, делла уайлд-кард бахьнехь.