From Wikipedia, the free encyclopedia
Бакаев Зайндин Хьасан (вин. 1959 шеран 8 февраль, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Хьалха-Мартанан кӀошт, ГихтӀа) — нохчийн историк а, йаздархо а, поэт а, публицист а[1].
Бакаев Зайндин Хьасан | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | историк а, йаздархо а, поэт а, публицист а |
Вина терахь | 1959 шеран 8 февраль (65 шо) |
Вина меттиг | ГихтӀа, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР |
Корматалла | историк |
Гражданалла | Росси → Бельги |
Пачхьалкх | Бельги |
СовгӀаташ |
|
1976 шарахь Хьасана чекхйаьккхира ГихтӀан йукъара №1 школа. 1977 тӀера 1979 шо кхаччалц СССРн эскарехь вара. 1983 тӀера 1988 шо кхаччалц Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан историн факультет чекхйаьккхина, оцу университетехь Ширачу Малхбален истори йоьвзуш вара иза. Оцу муьрехь Хьасан вара Нохч-ГӀалгӀайчохь археологин эхкаршдечехь жигара дакъалоцуш.
1987 шарахь Хьасан дикачу студентийн йукъара цхьаъ санна Москве хьажийра XXII Йерригсоюзан студентийн археологин конференцехь дакъалацархьама, цигахь цуна цхьалхачу даржан диплом йелира.
1987 шарахь Хьасан кхайкхира БуритӀе «Кавказ а, Ширачу Малхбален цивилизаци» цӀе йолу Йерригсоюзан Ӏилманан конференце, цигахь иштта дакъалоцуш бара бевзаш болу Ӏилманчаш И.М. Дьяконов, Г.А. Меликишвили, Вяч. Вс. Иванов, О.М. Джапаридзе, С.А. Старостин, А. Ю. Милитарев кхин а[1].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.