Хьалха-Мартанан кӀоштар йурт, Нохчийчоь From Wikipedia, the free encyclopedia
ГихтIа[4] — Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кӀоштан эвла йу.
Эвла | |
ГихтIа | |
---|---|
43°09′38″ къ. ш. 45°28′07″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Хьалха-Мартан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1517 |
Хьалхара цӀерш | 1944, 1957 шш. Благодатное[1] |
Центран локхалла | 227[2] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 5195[3] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87145[2] |
Поштан индекс | 366511 |
ОКАТО | 96234807001 |
Картин тӀехь | |
Иза йу ГихтIин йуьртан меттиган административан центр[5].
Эвла йу Гихта олучу хийистехь, Хьалха-Мартанан къилбаседа-малхбузехьа йу.
Уллера нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехьа — ГӀулара а, Iалхан-Юрт а эвланаш йу, къилбаседа-малхбузехьа — Хьамби-Ирзу а, ШаӀми-Юрт а, ВаларгтӀе а эвланаш йу, къилбехьа — Роьшни-Чу эвла йу, къилба-малхбузехьа — Гихчу эвла йу, къилба-малхбалехьа — Хьалха-Марта гӀала йу, малхбузехьа — Котар-Юрт эвла йу, малхбалехьа — ГӀойтӀа эвла йу[6].
Н. И. Штанько цӀе йолучу Ӏилманчо бина белхашан тӀетоьвжача ГихтӀа лаьттачу меттахь нах беха ши эзар шо ду.
19-гӀачу бӀаьшарахь ГихтӀа Нохчийчоьнан йаккхийчаре цхьа эвла хилла. Кавказехь хиллачу тӀамехь доккха дакъа лецара цу эвлара наха. 1825-гӀа шарахь инарла Греков хьалха ваьла волуш эскар деар Жима Нохчийчоьчу. ГихтӀахь цара кхузахь дӀалечна вол ши обарг схьа ваьхча, йуртахоша лура вац аьла чӀагӀо йира. Амма цул тӀеха царски эскар гондах йола кӀотарш йаго боьла белира. ТӀаьххаре и ши гӀебартло обарг йуртара вакх вийзира гихтхойша. Гихтахь герз тухуш хьенахь царски эскар юкъара гӀалгӀи билгал бойлира[7]
1840-гӀа шарахь йуртан уллехь боккха тӀом хилара царски эскарица, инарла А. В. Галафеев хьалха а волуш. Эца отряд юкъахь М. Лермонтов вара. Цо цул тӀаьха цу латтарехь лаьцна ше гӀара йала стихотворени йаза йира[8].
1944 шарахь берриге нохчий махках баьхначу хенахь ГихтIа эвлан цӀе «Благодатное» аьлла хийцинера[1]. Нохч-ГІалгІайн АССР меттахӀоттиначу хенахь йуьртан тохарлера цӀе йуха меттахӀотта йира.
Бахархой — 11744 леррана 2010 шарахь[9].
къаьмнийн хӀоттам (2002)[10]:
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.