Агра-форт
From Wikipedia, the free encyclopedia
Агра-форт[1], ЦӀиен форт[1] (хӀинди आगरा का किला, урду آگرہ قلعہ — «Лал-Кила») — ХӀиндин галара Аграра гӀопан гӀишло, Сийлахь Моголийн империн муьрехь хилла урхалчийн резиденци. Лаьтта Ямуна эрк тӀехь, Тадж-Махалан 2,5 км генахь. Цуьнца цхьаьна ЦӀиен форт 1983 шарахь ЮНЕСКОн Дерриг дуьненан тӀаьхьенан испискин юкъатоьхна. ЦӀиен фортан цхьа дакъа тахана лелош ду тӀеман Ӏалашонна, хьовсархой чу ца буьту.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа ЦӀиен форт.