![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/f/f9/1966_australian_50_cent_piece_circular.jpg/640px-1966_australian_50_cent_piece_circular.jpg&w=640&q=50)
Австралин доллар
From Wikipedia, the free encyclopedia
Австра́лин до́ллар (хьаьрк: $; код: AUD) — Австралин Бертан, цуьнца цхьаьна Рождествон гӀайренийн, Кокосийн гӀайренийн, Норфолк гӀайренан, ткъа кхин а тийнаӀапказан маьрша пачхьалкхийн Кирибатин, Наурун, Тувалун валюта. Декъало 100 центе. Дукха хьолахь дацдо долларан хьаьркаца ($), амма билгалонийн кхин варианташ а йу: A$, $A, AU$, $AU.
Австралин доллар (нох.) | |||||
---|---|---|---|---|---|
Australian Dollar (инг.) | |||||
| |||||
Кодаш а, символаш а | |||||
Кодаш ISO 4217 | AUD | ||||
Символаш | Ахчан хьаьрк AUD цакарий | ||||
Лелаш долу меттигаш | |||||
Эмитент | ![]() | ||||
Официально | ![]() ![]() ![]() | ||||
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а | |||||
Къасторан | Цент (1⁄100) | ||||
Истори | |||||
Йукъадалор | 14.02.1966 | ||||
Ахча-хьалха хилларг | Австралин фунт | ||||
Монеташ а, банкноташ а арахецар | |||||
Эмиссионни центр | Австралин резерван банк | ||||
www.rba.gov.au | |||||
Ахча ден цӀа | Паччахьан австралин нахартийн цӀа | ||||
www.ramint.gov.au | |||||
Пертера нахартийн цӀа | |||||
www.perthmint.com.au | |||||
Мах 25 февралехь 2015 шо | |||||
1 RUB | = 0,02026 AUD | ||||
1 USD | = 1,268 AUD | ||||
1 EUR | = 1,439 AUD | ||||
1 GBP | = 1,965 AUD | ||||
1 JPY | = 0,01067 AUD | ||||
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина йаздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж». | |||||
![]() |
Австралин доллар дуьненахь уггаре дика дохкало валютех йалхолгӀа ду (АЦШ долларал, еврол, иенел, стерлингийн фунтал, швейцарин франкал тӀаьхьа)[1], цуьнца йо 5 % дуьненан валютийн операцеш. Махлелорхошна йукъахь валюта гӀарадаьлла Австралехь лакхара процент хӀоттор бахьнехь, валютийн базарахь правительство йукъагӀертарах дикка маьрша хиларна, австралин экономика а, политикин система а йерриг цхьанаэшшара хиларна.[2]
1988 шарахь дуьйна банкноташ йеш кехат ца леладо, лелайо башха йуткъа пластик.