Путин, Владимир Владимирович
российн Федерацин Президент / From Wikipedia, the free encyclopedia
Пу́тин Влади́мир Влади́мирович (вина 1952 7 октябрь, Ленинград, ССРС) — российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 2012 шеран 7 майхь дуьйна волу Российн Федерацин президент а, Российн Федерацин ТӀеман ницкъийн лакхара коьрта баьчча а[11].
Хьалха а лаьттина президентан даржехь 1999 шеран 31 декабрера 2008 шеран 7 май кхаччалц, 1999—2000 а, 2008—2012 шерашкахь лаьттина Российн правительствон председатель.
Чекхйаьккхина Ленинградан пачхьалкхан университетан (ЛПУ) юридически факультет. 1977 шарахь дуьйна болх бина контрталламан агӀора ПКхК Ленинградан урхаллера талламан декъехь. 1985 - 1990 шерашкахь гӀуллакхехь хилла советийн арахьара талламан резидентурехь ГДРехь, болх бина Дрезденехь ССРС — ГДР доттагӀаллин цӀийнан директоран даржехь къайлаваьлла. Ленинграде цӀавирзича болх бина ЛПУ ректоран дуьненайукъара гӀуллакхийн агӀора гӀоьнча, цул тӀаьхьа Ленинградан гӀалин совета председателан Собчак Анатолийн хьехамча. 1991 шеран 20 августехь подполковник волуш ССРС ПКхК мукъаваьлла.
1991—1996 шерашкахь Петарбухан мэри дехьаваьлла болх бира Собчакан куьйгакӀела: куьйгалла дира Арахьара уьйранийн комитетан, хилира мэран хьехамча, цул тӀаьхьа хьалхара гӀовс. 1996 шеран августехь болх бан волавелира Москохахь РФ Президентан гӀуллакхийн урхаллин гӀовсан даржехь. КӀеззиг РФ Федералан кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун а, Кхерамзаллин Советан секретаран даржехь лаьттина 1999 шеран августехь хӀоттийра правительствон председатель.
Пачхьалкхан хьалхара йуьхь хилира 1999 шеран 31 декабрехь, оцу хенахь Российн президентан Ельцин Борисан сацамца хӀоттийра РФ президентан декхарш кхочушдийриг — Российн хьалхара президента дарж мукъадаккхар бахьнехь. Российн президент дуьххьара хаьржина 2000 шеран 26 мартехь. Пачхьалкхан коьртан дарже йухахаьржира 2004, 2012, 2018 шерашкахь. 2012 шеран харжамел хьалха президентийн бакъонийн хан тӀетуьйхира 4 шеран тӀера 6 шере кхаччалц.
Российн Федерацин Конституцин хийцамаш лелабевлча бакъо хилира дакъа лаца керлачу президентан харжамашкахь 2024 шеран мартехь.
Мукъа ваьккхина полковник (1999). Российн Федерацин бакъболу пачхьалкхан 1 классан хьехамча (1997)[12]. Экономикин Ӏилманийн кандидат (1997). Самбо (1973) а, дзюдо (1975) а латарехь спортан говзанча[13], дзюдох латарехь Ленинградан чемпион (1976)[14][15], самбох латарехь Российн хьакъ долу тренер (1998)[16][17]. Дика буьйцу немцойн мотт[18][19].