![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/8/8d/A_very_Turkish_looking_mosque_at_the_Baku_Martyrs%2527_Memorial_%252836898223962%2529.jpg/640px-A_very_Turkish_looking_mosque_at_the_Baku_Martyrs%2527_Memorial_%252836898223962%2529.jpg&w=640&q=50)
ШахӀидийн маьждиг
From Wikipedia, the free encyclopedia
ШахӀидийн маьждиг (азербайджанийн маттахь Şəhidlər məscidi)- Азербайджанан нана-гӀала йолу Бакохахь а, ШахӀидийн хӀолламехь лаьтташ долу маьждиг ду.
Маьждиг | |
ШахӀидийн маьждиг | |
---|---|
Şəhidlər məscidi | |
![]() | |
Пачхьалкх | |
Координаташ | 40°21′30″ къ. ш. 49°49′40″ м. д.HGЯO |
Архитектурин хатӀ | Османийн хатӀ |
Момсарийн дукхалла | 2 |
![]() |
1990-чу шерашкахь Туркойчоьнан Ӏедало гӀодарца хьаладоьттира маьждиг. Туркойчоьнан векалаллан динан атташен официалан резиденци санна лоруш йу.
2009-чу шарахь маьждиг реконструкци йан дӀакъоьвлира[1]. Юхаъ схьадиллира 2016-чу шарахь [2][3].
Маьждиган пен тӀехь Ӏаьрбойн а, туркойн а маттахь Къуръанан Аль-Бакъара суран бӀе шовзткъе дейттолгӀа аят йаздина ду: «Аша ма ала АллахӀан новкъахь вуьйчунна: „[уьш] Белла“. Мелхо а, дийна бу [уьш], делахь а шуна хаа ца ло [и]».
Ша-тайпанара (оригиналан) йоза:
وَلَا تَقُولُوا لِمَنْ يُقْتَلُ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتٌ ۚ بَلْ أَحْيَاءٌ وَلَٰكِنْ لَا تَشْعُرُونَ
азер. Allah yolunda öldürülenlere «ölüler» demeyiniz bilakis onlar diridirler lakin siz anlayamazsınız 2:154