Чухчахьера (лат. Ursa Minor) — стигалан Къилбаседа эхиган полюсан гергара седарчийн гулам. Стиглахь дӀалоцу 255,9 квадратан градусан майда, чохь бу бӀаьрго лоцу 25 седа.

Доца факташ Чухчахьера, Дацдар ...
Чухчахьера
лат. Ursa Minor   (д. д. Ursae Minoris)
Thumb
Дацдар UMi
Символ Чен кӀорни
Дуьххьал тӀебалар 0h 00m тӀера °24h 00m  кхаччалц
ОхьатаӀар +66° тӀера °+90°  кхаччалц
Майда 256 кв. градус
(56 меттиг)
Видимо в широтах +90°  тӀера 0°. кхаччалц
Уггаре къегина седарчий
(седарчийн гуш болу барам < 3m)
Метеоран Ӏовраш
  • Урсидаш
Лулара седарчийн гуламаш
  • Саьрмик
  • Жираф
  • Цефей
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ДӀачӀагӀа

Чухчахьерин чохь тахана лаьтта Дуьненан Къилбаседа полюс, Къилбаседин маьӀиган бохаллин барамехь 40'. 2103 шарахь прецесси бахьнехь и барам лагӀлур бу 27’37".

Седарчий

Уггаре къегина гуламан седарчий:

  • Къилбаседа (α UMi). Седин барам 2,03
  • Кохаб (β UMi). Гуш болу седин барам 2,08m. Вайн эрал хьалхара 2000 шерера вайн эрал хьалхара 500 шо кхаччалц Кохаб хилла уггаре гергара седа Дуьненан Къилбаседин полюсан, къегина седа а, ловзийна къилбаседин роль, иза гайтина цуьнан Ӏаьрбийн цӀеран чохь Кохаб-эль-Шемали (Къилбаседа).
  • Феркад (γ UMi). Седин барам 3,05m.
  • Йильдун (δ UMi). Гуш болу седин барам 4.36m.
  • Уроделус (ε UMi). Кхин а Цирциторес. Гуш болу седин барам 4,20m.
  • Алиф аль Фаркадин (ζ UMi). Гуш болу седин барам 4,274m.
  • Анвар аль Фаркадин (η UMi). Кхин а Алласо. Гуш болу седин барам 4,956m.

Астеризмаш

Жима Чами астеризмо стиглахь кхуллу амале дагахь лаьтта кеп. Йукъалоцу ворхӀ седа — α (Полюсан), β (Кохаб), γ (Феркад), Чухчахьерин δ, ε, ζ, η. Жима Чамино шен кепаца дагайоуьйту Боккха Чами астеризм, иза лаьтта ВорхӀ вешин ворхӀ седа гуламан гена йоццуш.

Чамин йистера ши седа (Кохаб а, Феркад а) шеш гойту Полюсан Хой астеризм.

Истори

Thumb
Чухчахьера Уранин Куьзга атласера Саьрмико гуо бина

Гай Юлий Гигина чӀагӀдарца, антикин астрономин йукъа и седарчийн гулам балийна Милетан Фалеса, иза Клавдий Птолемейн «Альмагест» седарчийн стиглан каталогана йукъатуьйхира.

ВорхӀ вешин ворхӀ седа гулам желтойша лорура нимфа Каллисто, ткъа Чухчарийн гулам — цуьнан жӀаьла. Желтойн мифашца, Зевса лейина нимфа Артемида, Каллисто. Цуо вина кӀант Аркад. Нимфа а, шен бер а чӀирах хьалхадоккхуш, Зевса хьалабаьхна уьш стигла, Каллисто — Чухчахьера йина, ткъа кӀант — Волопас вина.

Стиглахь лахар

Thumb
Чухчахьера а, ВорхӀвешин ворхӀ седа а

Россехь дерриг шарахь го седарчийн гулам. Къилбаседа (Чухчахьерин α) карбархьама, ойланца дӀайахьа йеза Меракан (ВорхӀвешин ворхӀ седин β) а, Дубхен (ВорхӀвешин ворхӀ седин α) йукъара йукъаметтиг цуьнан йохаллин 5-зза совйолу. Россин уггаре къилбаседин кӀошташкахь гуламан декъан кульминаци хуьлу зенитан областехь, ткъа йисинчу меттигашкахь йерриг хенахь а къилбаседехь хуьлу.

Хьажа кхин а

  • Чухчахьера гуламан седарчийн исписка

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.