Мухьаммад пайхамар ﷺ а, цуьнан асхьабаш а Маккара Ясрибе (Мадийнате) кхалхар From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀижрат (Ӏаьр. الْهِجْرَةُ — «кхалхар») йа пайхамаран хӀижрат (Ӏаьр. الْهِجْرَةُ النَّبَوِيَّةُ аль-хӀижратун-набавийят) — иза Мухьаммад пайхамар ﷺ а, цуьнан асхьабаш а Маккара Ясрибе кхалхар ду, тӀаьхьо цунна «Мадийнат» аьлла цӀе тиллина, и хилам хилла 622-чу шарахь, къурайшийн куьйгалхошкара царна хуьлуш долу зенаш а, Ӏазапаш а бахьана долуш, къаьсттина Абу ТӀалиб веллачул тӀаьхьа. Халиф Ӏумар ибн аль-ХаттӀабан омранца, шен халифатан заманахь бисинчу асхьабашца дага а ваьлла, пайхамаран хӀижрат исламан рузманан йуьхь санна тӀеэцна[1]. Мадийнате хӀижрат дар бусалбачарна важиб хилла, дуккха а айаташ диссина бусалбачаьрга хӀижрат даре кхойкхуш, Макка схьайаккхалц[2][3].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.