![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/8/8f/2020_%25D0%259A%25D1%2580%25D0%25BE%25D0%25BD%25D1%2588%25D1%2582%25D0%25B0%25D0%25B4%25D1%2582%252C_%25D0%259D%25D0%25B8%25D0%25BA%25D0%25BE%25D0%25BB%25D1%258C%25D1%2581%25D0%25BA%25D0%25B8%25D0%25B9_%25D0%259C%25D0%25BE%25D1%2580%25D1%2581%25D0%25BA%25D0%25BE%25D0%25B9_%25D1%2581%25D0%25BE%25D0%25B1%25D0%25BE%25D1%2580_DSC04803.jpg/640px-2020_%25D0%259A%25D1%2580%25D0%25BE%25D0%25BD%25D1%2588%25D1%2582%25D0%25B0%25D0%25B4%25D1%2582%252C_%25D0%259D%25D0%25B8%25D0%25BA%25D0%25BE%25D0%25BB%25D1%258C%25D1%2581%25D0%25BA%25D0%25B8%25D0%25B9_%25D0%259C%25D0%25BE%25D1%2580%25D1%2581%25D0%25BA%25D0%25BE%25D0%25B9_%25D1%2581%25D0%25BE%25D0%25B1%25D0%25BE%25D1%2580_DSC04803.jpg&w=640&q=50)
Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏаламаташ деш волу Николайн Эвлаяан цӀарах хӀорданан килс (оьрс. Морско́й собо́р святи́теля Никола́я Чудотво́рца) я Николан ставропигиалан ХӀорданан зиярт (оьрс. Никольский ставропигиальный Морской собор)- Россин имперехь йина тӀаьххьара а, уггаре йоккха а хӀордан килс ю. ГӀишло яран мур- 1903-гӀа-1913-гӀа шераш. Ленинградан областехь, Кронштадт шахьрехь лаьтташ ю. Килсан неовизантийн куц ду. Проектан архитектор ву Косяков В. А..
Сийлахь меттиг | |
Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс | |
---|---|
Ставропигиальный морской собор Николая Чудотворца | |
![]() | |
59°59′30″ къ. ш. 29°46′40″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Оьрсийчоь |
ГӀала | Кронштадт |
Лаьтта меттиг | 1, Якорни майда |
Дин | Ортодоксан Керсталла |
Епархи | Петарбухан (ставропигиалан) |
Архитектурин хатӀ | неовизантийн |
Проектан автор | В. А. Косяков |
Архитектор | Василий Антонович Косяков |
Йиллинарг | вице-адмирал Н. И. Казнаков а; протопресвитер Александр (Желобовский) а |
Дуьххьара хьахор | 1897-гӀа шо |
Йиллина терахь | 1913 шо, асаран беттан (июнь) 23-гӀа де |
Реликвеш а, сийлаллаш а | Веза-воккхачу Николайн декъий |
Статус |
![]() |
Локхалла | 70 метр |
ГӀирс | гранит |
Хьал | килс а, музейн экспозици а |
Сайт | kronshtadtsobor.ru |
![]() |
1910-чу шарахь архитектор волу Косяков Василийс яздора:
«1902-чу шарахь дуьйна Кронштадтехь ХӀордан килс яран белхаш деш ду- иза шай гӀуллакхан декхар кхочушдеш дӀакхелхина болу флотан чинашан хӀоллам хир бу. Лакхара указо къобалйина проектаца юттуш ю зияртан гӀишло. Белхаш сихха дӀадахар тергаме эцна императоран возаллаш».
Оьрсийчоьнан Ортодоксан Килсан Петарбухан епархин долехь ю. Кронштадтан благочинин гонан йукъайогӀуш ю.
Патриархан нийса дӀа муьтӀахь хилар а маьӀна ду зияртан ставропигиалан хьал хилар.
2013-гӀа шеран хӀутосург-баттахь (май) дуьйна Оьрсийнчоьнан ТӀеман-хӀорданан флотан коьрта килс санна а, Петарбухан епархин ТӀеман благочинин гонан йукъ санна а лоруш ю.