СаӀӯдийн Ӏаьрбийчо̄ь, доцца СаӀудийчоь, официалан СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьалкх (Ӏаьр. الْمَمْلَكَةُ الْعَرَبِيَّةُ السُّعُودِيَّةُ аль-Мамлакатул-Ӏарабийятус-СуӀудийяту) — иза Ӏаьрбийн ахгӀайре тӀехь йолу йоккха пачхьалкх йу. Цуьнан дозанаш ду Урдунца а, Ӏиракъца а, къилбаседехь Кувайтаца а, малхбалехь КъатӀарца а, Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмираташца а, къилба-малхбалехь Ӏоманца а, къилбехь Йаманца а. Иза уьйш йу къилбаседа-малхбалехь ГӀажарийн аймаца а, малхбузехь ЦӀен хӀордаца а.

Доца факташ СаӀудийн Ӏаьрбийчоь, Кхоьллина ...
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Ӏаьр. السعودية
Thumb Thumb
Байракх ХӀост
Девиз: «АллахӀ воцург кхин дела вац,
Мухьаммад — Делан элча ву
[1]»
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Thumb
Кхоьллина 1932-чу шеран 23 сентябрехь
Официалан мотт Ӏаьрбийн
Коьрта гӀала Рияд
Йаккхий гӀаланаш Рияд, Макка, Мадийнат, Жидда
Урхаллин тайпа Абсолютни монархи
Паччахь Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
Верасан принц а, премьер-министр а Мухьаммад ибн Салман Аль СаӀуд
Пачхь. дин ислам, суннатхой
Латта
  Шадерг 2 149 000 км² (12-гӀа дуьненахь)
Бахархой
  Мах хадор 26 939 583[2][3][4] стаг
ДЧС
  Шадерг (2011) 691,5 млрд[5] долл. (24-гӀа)
  ХӀораннан а сина 24 200[5] долл.
АДКИ (2013) 0,782[6] (лакхара; 57-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш саӀудхо, саӀудхой, Ӏаьрби, Ӏаьрбо, Ӏаьрбий
Ахча саӀудийн риал
Интернет-доменаш .sa, السعودية.
Код ISO SA
Код МОК KSA
Телефонан код +966
Сахьтан асаш +3
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[7]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ДӀачӀагӀа

Иштта СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан цӀе йоккху: «Шина Хьараман мохк» олий, хӀунда аьлча, цигахь бусалбанийн коьрта йеза ши гӀала йу — Макка а, Мадийнат а.

Ӏаьрбийн маттахь мехкан йоцца цӀе: (Ӏаьр. السعودية ас-СуӀудийят — «СаӀудийчоь») йу. СаӀудийн Ӏаьрбийчоь хӀинцалерачу хенахь, шен СаӀудийн урхалладеш йолчу династин цӀе лелош йолу дуьненан кхаа пачхьалкхах цхьаъ йу.

Географи

Къилбседехь Урданца а, Ӏиракъца а доза ду. Малхбалехь Кувейтца, Къатарца, Бахрейнца, Цхьаьнакхетта Ӏаьрбийна Эмираташца а доза ду. Къилбехь Йеменца, Ӏоманца доза долуш бу. Малхбалехь ГӀажарийн чукхет-хӀорданца а, малхбузехь ЦӀен хӀорданца а аре йолуш мохк бу.

Thumb
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхара паччахь Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд

Истори

Ӏаьрбийн ахгӀайрехь VII-чу бӀешаран юххехь Маккахь дӀадоладелла хилла Мухьаммад бин ӀабдуллахӀин пайхамаралла, маккин деланийхоша харцвина хилла иза. 13 шо чекхдаьлча иза Мадинате (Ясрибе) дӀакхелхина, цигахь Ӏаш хилла Ӏаьрбий а, жуьгтий а. ТӀаьххьарчаьрца машаре барт берзийна хилла. Цуьнан лархой хуьлуш массо а Ӏаьрбийн ахгӀайренан Ӏаьрбий хилла.

Ӏаьрбийн Халифат

632-чу шарахь Мухьаммад пайхамар кхелхина чул тӀаьхьа, Мадинатан гӀала кхоьллина хилла Ӏаьрбийн Халифат, Ӏаьрбийн ахгӀайренан массо латта йукъалаьцна хилла цо.

Хьалхара СаӀудийн пачхьалкх

1744-чу шарахь дӀайолаелла СаӀудийн пачхьалкх, Ӏаьрбийн ахгӀайренан центральни регионехь. Меттигера урхалча Мухьаммад бин СаӀуд а, ваххӀабизм диллина Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб а цхьаьнакхетта Хункар-мехкан дуьхьала, еккъа цхьа чӀогӀа пачхьалкх кхолла Ӏалашо а йолуш хилла уьш.

1824-чу шарахь ШолгӀа СаӀудийн пачхьалкх кхоьллина хилла.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахьалла кхоллар

СаӀудийн Ӏаьрбийн империн паччахь хилла Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд, 1893-чу шарахь эккхийна хилла иза, Кувайтахь хилла иза. 1902-чу шарахь 22-шо долуш волу Ӏабдул-Ӏазиза дукха эскар гулдина Рияд схьайаккха. 1912-чу шарахь Ӏабдул-Ӏазиза йерриге Неджд схьаяьккхина хилла. 1925-чу шарахь Макка а, йерриг Хьиджаз а схьайаьккхина цо. Иза схьайаьккхина бахьанехь цара кхоьллина Недждан а, Хьиджазан а Паччахьалла.

1932-чу шаран 23 сентябрехь Неджадан а, Хьиджазан а цӀе хийцина «СаӀудийн Ӏаьрбийчоь» аьлла.

Пачхьалкхан дӀахӀоттам

Thumb
Салман паччахь

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьалкхан дӀахӀоттам билгалбина бу Паччахьаллин Коьрта законца, цунах олу СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан урхаллин коьрта низам, 1992-чу шарахь тӀелаьцна иза. Цо ма-бохху СаӀудийн Ӏаьрбийчоь абсолютни монархи йу, хьалхара паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀенташца а, церан берашца а урхалла деш йолу. Церан законаш исламан шарӀаца кхоьллина ду.

Пачхьалкхан куьйгалхо паччахь ву. ХӀинцалерачу хенахь СаӀудийн Ӏаьрбийчохь куьйгалла деш верг мохк биллинчунна кӀант Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз ву, СаӀудийн династера ву иза. Церан бакъонан массо а гаьннаш паччахьан муьтӀахь ду.

Адаман бакъонаш

СаӀудийн зуламан бакъонаш шарӀаца кхоьллина йу. Церан махкахь кхерамца магийна дац алкоголь а, наркотикаш а, марзлуш долу ловзарш а лело.

Къола дича тӀара (куьг) доккха[8]. Зина дича валлалц шед а етта, тӀулгаш а детта. Гомосексуализм дича валлалц таӀзар до[9].

Цхьаъ вийча а, холмачалла дича а, иштта вен суд йо.

Климат

СаӀудийн Ӏаьрбийчохь йолу климат чӀогӀа йокъо хӀуттуш йу. Ӏаьрбийн ахгӀайре — иза аьхка даим 50 °C хьалайолуш дуьненахь йолчу кӀеззиг меттигех цхьаъ йу. Наггахь ло догӀу Джазан олучу лам тӀехь. Уггаре лахара температура 8 °C йу.

СаӀудийчоьнан административан йекъайалар

Thumb
СаӀудийчоьнан административан гуонаш

СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 13 административан гуоах екъна ю[10] (Ӏаьр. المناطق الإدارية):

Ма-дарра #, № карта тӀехь ...
#
карта тӀехь
Административан
гуо
Ӏаьр. Административан
центр
Майда,
км²
Бахархой,
стаг
(2015)
[11]
Чордо,
стаг/км²
16РиядالرياضРияд404240791086419,57
211Маккаمكة المكرمةМакка153128809947352,89
34Мадинатالمدينة المنورةМадинат151990206138313,56
45Аль-КъасимالقصيمБурайдат58046140297424,17
57Малхбалехьара провинциالمنطقة الشرقيةАд-Даммам67252247628717,08
68ӀасирعسيرАбхӀа76693219446328,61
713ТабукتبوكТабук1460729074946,21
89ХьаильحائلХьаиль1038876858206,60
92Къилбаседера дозаالحدود الشماليةӀарӀар1117973674333,29
1010ДжазанجازانДжазан116711568727134,41
1112НаджранنجرانНаджран1495115817893,89
121Аль-БахьатالباحةАль-Бахьат992147175547,55
133Аль-ДжавфالجوفСакака1002125063725,05
йерриг21496903152141814,66
ДӀачӀагӀа

Хьажоргаш

Билгалдахарш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.