![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/e9/Marten%2527s_Poltava.jpg/640px-Marten%2527s_Poltava.jpg&w=640&q=50)
Россера тӀеман сийлаллин денош
From Wikipedia, the free encyclopedia
Россера тӀеман сийлаллин денош (Оьрсийн герзан сийлаллин денош) — Российн исторехь ладаме роль ловзийна российн эскаран толамаш базбаран Российн иэсан денош .
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/e9/Marten%27s_Poltava.jpg/640px-Marten%27s_Poltava.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/4/4f/Battle_of_Gangut-Bakua.jpg/640px-Battle_of_Gangut-Bakua.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/4/43/Battle_of_Borodino.jpg/640px-Battle_of_Borodino.jpg)
- Российн иэсан терхьаш а, кхин Ӏиданаш а хьажа Российн Ӏиданаш яззамехь.
Йуьхьанцара тӀеман сийлаллин денош хӀиттийра 1995 шеран февралехь Федералан законо «Россера тӀеман сийлаллин денойх (толаман денойх)». 2004 2020 шерашна йукъахь цунна хийцамаш бира, кхин тӀе шен законан цӀе а хийцира.
Российн иэсан терхьаш йукъадехира 2005 шарахь, базбо халкъан иэсехь бӀешерашкахь дагахь латтийта хьакъ долу пачхьалкхан а, йукъараллин а дахарера кхин а ладаме хиламаш[1].
И денош а, тӀеман сийлаллин денош а хӀиттийна Федералан «Россера тӀеман сийлаллин а, иэсан а денойх» цӀе йолчу законаца[1].
Законаца тӀеман сийлаллин деношкахь даздаран белхаш дӀадахьа деза эскаршкахь, ткъа иэсан терхьашкахь — нахалахь белхаш дан деза. Дуьхьалонан министраллин тӀедиллина хӀора шеран 23 февралехь а, 9 майхь а Ӏиданан шатлакхаш кхийсар. Оцу белхашна ахча далар тӀедиллина федералан бюджетан.
Цул сов, законаца кхин а тӀемлойн иэс бӀешерашкахь дагахь латтийтархьама цхьа могӀа кхин кепара белхаш дан деза: музейш йахкар, хӀолламаш богӀар, гайтамаш хӀиттор, МХГӀ нахала даккхар, нах бехачу меттигашна, урамашна, тӀемлойн дакъошна, кеманашна церан цӀераш тахкар, турпалалла гайтина меттиг Ӏалашйеш лелор.