Полимеран биргӀанаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Полиме́ран би́ргӀанаш — полимеран материалах бина цилиндр кепара чухула беса болу, бохалла диаметрал шортта беха болу гӀирс.
Полимеран биргӀанаш лелоран область чӀогӀа шуьйра ю. Полимеран биргӀанаш лелайо бахаман, маларан довха а, шийла а хи лела биргӀааса еш, тоеш, полимер химин агӀора мегаш елахь кхин коча а, газкепара а хӀуманаш лела а. Полимеран биргӀанаш лелайо йогу газ юьллуш, хӀусамаш йохъяран системаш, канализацеш йохкуш, хи дигаран машанаш бохкуш. ТӀаьхьарчу заманахь полимеран биргӀанаш сих-сиха лело яьхна гидротранспортехь. Полимеран биргӀанаш лело тарло электрийн, зӀен, хьесийн-оптикан кабелаш дохкуш а.
Полимер — йукъара цӀе ю. Полимеран биргӀанашна йекъало термопластан а, реактопластан а биргӀанашна.
Полимеран биргӀанаш ян тарло тайп-тайпанчу термопластикан материалех а, церан композицех а, масала: полиэтилен (ПЭ), поливинилхлорид (ПВХ), полипропилен (ПП), полиамид (ПА), полибутилен (ПБ), кхин а. Реактопластех йина биргӀанаш — аьнгалипластикан а, аьнгалихьесийн а, эпоксидан я полиэфиран силамех йинарш.