Мухьаммад ибн Наиф бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд (Ӏаьр. محمد بن نايف بن عبد العزيز آل سعود‎‎; (в)йина 1958 шеран 30 август, Жидда, Маккин провинци[1]) — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хилла волу верасан принц ву 2015—2017 шерашкахь, премьер-министран шолгӀа когаметтаниг а, мехкан чоьхьарчу гӀуллакхийн министр а[2], иштта политикин гӀуллакхийн а, кхерамизаллин а Советан председатель а вара.

Доца факташ Мухьаммад ибн Наиф Аль СаӀуд, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан верасан принц ...
Мухьаммад ибн Наиф Аль СаӀуд
Ӏаьр. محمد بن نايف بن عبد العزيز آل سعود
Thumb
Thumb
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан верасан принц
Хьалха хилларг Мукърин бин Ӏабдул-Ӏазиз
Когаметтаниг Мухьаммад бин Салман
Дин суннизм
Вина терахь 1958 шеран 30 август({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (65 шо)
Вина меттиг Джиддат
Тайпа саӀуди, Ӏаьрбо
Да Найиф бин Ӏабдул-Ӏазиз
Нана Аль-ДжавхӀарат Аль СаӀуд
Зуда Рима бинт СултӀан Аль СаӀуд
Бераш йоӀарий Сарат а, Лавалувват а
Дешар
Динлелор ислам,суннитийн кхетамехь
СовгӀаташ
великий офицер ордена Почётного легиона орден Республики орден короля Абдель-Азиза
Пачхьалкх  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ДӀачӀагӀа
Доца факташ ХотӀан адрес Принц а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министр а Мухьаммад бин Найиф Аль СаӀуд, Официальни кехаташ ...
ХотӀан адрес
Принц а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министр а Мухьаммад бин Найиф Аль СаӀуд
Thumb
Официальни кехаташ Цуьнан Паччахьан Возаллин Принц
Альтернативни хатӀ Васхалан верас
ДӀачӀагӀа

2015-чу шарахь шен девешин Мукърин бин Ӏабдул-Ӏазизан меттан принц хӀоьттина иза[3]. Мухьаммад — иза СаӀудийн цӀийнан декъашхо ву, Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз паччахьан вешин Найифан кӀант а ву[4].

Биографи

Хьалхара шераш

Найифан воӀ Мухьаммад[5][6] вина 1959-чу шеран 30-чу августехь Джиддатехь[7][8]. СаӀуд принц — цуьнан воккхах волу ваша ву[9]. Цуьнан нана йу — Аль-ДжавхӀарат бинт Ӏабдул-Ӏазиз бин МусаӀид бин Джилуви Аль СаӀуд[6][10][11].

Мухьаммад бин Найифа дешна АЦШ-хь[7][12][13]. 1985-чу шарахь 1988 кхаччалц иза ФБР-н кхерамизаллин курсашка лелла[5].

Карьера

1999-чу шарахь Мухьаммад чоьхьарчу гӀуллакхийн министран гӀоьнча хаьржинера. И харжале хьалха иза предприниматель вара[13]. Иза шортта хестийна министерствон антитеррористически программин кхиам а болуш кхочушдаран бахьана долуш[14]. Иштта бунтахошна дуьхьала къийсам латторан Ӏедалан программин кхоллархо санна лоруш ву иза. Министран гӀоьнчина гӀуллакх деш а волуш, цо иштта граждански оборонехь директоран декхарш кхочуш дина[15][16]. Цо кхиаме кхочуш дина боху министран гӀоьнчин декхарш[17].

Билгалдахарш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.