From Wikipedia, the free encyclopedia
Мехкан урхалла- пачхьалкхан урхалла даран лакхара кхочушдаран коллегиальни меже йу. Иза кхуллу пачхьалкхан урхаллин куьйгалхойх а, кхиболу гӀуллакххойх а. Дешан шуьйрачу маьӀнехь, урхалла- пачхьалкхан урхаллин йукъара система йу.
Урхаллин Куьйгалхо ву мехкан урхаллин коьртехь. Оцу даржехь пачхьалкхан куьйгалхо хила а тарло. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь цунна цӀе тайп-тайпана хуьлу: «мехкан урхаллин пирсдатал» а, «министрийн кхеташонан пирсдатал» а, «премьер-министр» а.
Урхаллин коьрта Ӏалашо йу — лакхарчу низамаш кхуллучу межено (парламенто) тӀелаьцна долу низамаш кхочушдар. Цу хьокъехь урхалло а, кхийолу пачхьалкхан урхаллин меженаш а низамца догӀуш акташ тӀелоцу, уьш алсамчу барамехь низамаш санна лору.
Цхьацца пачхьалкхашкахь мехкан урхаллин низамаш кхолла бакъо хуьлу. Шен караэцарца урхаллин куьйгалхо низамаш кхуллу органе вала йиш йу — масала муьлхха а низам тӀелаца а, хийца йа дӀадаккха.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.