Куьйра — (en. Accipiter gentilis), (оьрсаша "Тетеревятник" олу). Куьйранаш а хуьлу бес-бесара. Къийгал доккха, букъ тIера сиро бос болуш, мокха, корта таьIночу басахь болуш, кIай цIоцкъам долуш, чукIело сирла а, пурхалхьа луьстта Iаьржа сизаш долуш а ду цхьа шамайпа куйра. Дахар цхьана меттахь а, дIай-схьай кхелхаш а ду. Баннаш дечагийн баххьашкахь до цара.
- ХIоьаш кIай хуьлу кхоъ йа диъ. Диэкар зевне ду "къяк-къяк-къяк" йа "хи-хи-хи". ТIемаш доцийро ду, цуьнан цIога деха ду. Оцо аьтту бо дадар сихдан а, дитташ юккъехулу дIай-схьай дерза а, дедда доьддушехь хьоза лаца а. Куьйрано котаман кIорнеш а луьйцу, кхокха а лоцу, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазарш а, дийнаташ а луьйцу. Адамех ларлуш а, къаьхкаш а ду иза.
Доца факташ Куьйра, Ӏилманан классификаци ...
Куьйра |
---|
|
|
Accipiter gentilis Linnaeus, 1758 |
|
КӀезиг кхерам бершIUCN 3.1 Least Concern : / 22695683 |
|
ДӀачӀагӀа
H̗ara Kúyran ben bu
Museum specimen