КаӀбат
Делан цӏа, бусалба нехан къилба From Wikipedia, the free encyclopedia
Каӏбат (Ӏаьр. الكعبة المشرفة [Аль-КаӀбатул-Мушаррафат] – «Сийлахь КаӀбат») ХьаьжцӀа — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Макка гӀалахь долу бусалбанийн къилба а, ислам динехь деза лоруш долу хьалхара цӀа (маьждиг) а ду.
Маьждиг | |
КаӀбат | |
---|---|
Ӏаьр. الكعبة | |
Пачхьалкх | СаӀудийн Ӏаьрбийчоь |
Регион | Макка |
Координаташ | 21°25′21″ къ. ш. 39°49′34″ м. д.HGЯO |
Маьждиган тайпа | ЖамӀат маьждиг |
Архитектурин хатӀ | Исламан архитектура |
ГӀишлошъярхо |
Маликаш Адам Шис Нохь ИбраьхӀим |
605 — Къурайшийташа КаIбатан реконструкци яр 638 — Iабдулла ибн аз-Зубайран реконструкци 693 — Iабдул-Малик ибн Марванан реконструкци 1629 — Мурад Хан султанан заманера реконструкци 1996 — КаIбатан реставраци |
|
Ерриг майда |
|
Чоьнан майда | м² |
Локхалла | 13,1 м |
Хьал | хӀинца а лелаш |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Истори
ХьаьжцӀа — иза АллахӀ дала шен хьалхара цӀа ду аьлла билгалдина ду Къуръанехь. АллахӀ-дала сийлахь дина иза. Дуьххьара иза динарг маликаш а, Адам пайхамар а хилла. Цул тӀехь цуьнан кӀант Шис-пайхамара юха дина хилла иза. Цул тӀехьа Нохь пайхамара дина хилла. ТӀаьххьаре, ИбраьхӀим пайхамара шен кӀантаца ИсмаьӀилца юха дина иза. ИбраьхӀим деле дийхира иза даима ларде аьлла. ИбраьхӀим-пайхамаран заманахь дуьйна, АллаӀ-дала иза лардеш долу маьждиг ду. Цигахь садолу хӀума ен а, цӀий Ӏано а, къа латадан а цамега.
АллахӀ-дала боху къуръанехь:
Баккъалла, дуьххьара нахана дуьйгӀина долу цӀа, оцу Баккахь (Маккахь) дерг ду. Иза дуьйгӀина декъала хилийта а, дуьненахь куьйгалла дайта а.
Этимологи
Дош «الكعبة»Ӏаьрбийн маттахь цуьнан маьӀна «Квадратин цӀа» бохург ду. Кхин а «بيت الله» (БайтуллахӀ) «Делан цӀа» олу цунах.
КаӀбатан дакъош
Ислам ·Маьждиг ·Хьаьж |
---|
Вовшахтосу дакъош: |
1.Ӏаьржа тӀулг 2.НеӀ 3.Апари 4.Цоколь 5.ИсмаьӀилан хьиджр 6.Мультазам 7.ИбраьхӀиман макъам 8.Ӏаьржа тӀулган маьӀиг 9.Йеменан маьӀиг 10.Шаман маьӀиг 11.Ӏиракъан маьӀиг 12.Кисват 13.ШагатӀулган аса 14.ИбраьхӀим лаьттина меттиг |
Хьажа иштта |
аль-Хьарам • Замзам • Кибла • ТӀаваф Бани Шайба • Умрат |
Викиларма |
КаӀбатан 14 дакъа ду:
- Ӏаьржа тӀулг (Ӏаьрб. الحجر الأسود — аль-хьаджар аль-асвад) — тӀулг, малх-балехьара КаӀбатан сонехь берг.
- НеӀ (Ӏаьрб. باب الكعبة) — КаӀбатан неӀарш.
- Мизаб (Ӏаьрб. ميزاب) — къинхетаман хи дӀадохуьйту апари
- Цоколь (Ӏаьрб. الشاذروان) — КаӀбатан пенаш лардеш ерг.
- ИсмаьӀилан хьиджр (Ӏаьрб. حجر إسماعيل) — буьткъа горга пен, цу чохь дӀадоьллина ИсмаьӀил, ХӀаджар ду.
- Мультазам (Ӏаьрб. ملتزم) — Ӏаьржа тӀулган а, неӀаран а юккъахь долу дакъа, 2-метар ду.
- ИбраьхӀиман макъам (Ӏаьрб. مقام إبراهيم) — ангалин а, эчиган а меттиг, ИбраьхӀим-пайхамар тӀаьхьа лаьттина тӀулг бу цигахь.
- Ӏаьржа тӀулган соне (Ӏаьрб. زاوية الحجر الأسود)
- 'Йеменан са (Ӏаьрб. الركن اليماني)
- Шаман са (Ӏаьрб. الركن الشامي)
- 'Ӏиракъин са (Ӏаьрб. الركن العراقي)
- Кисват (Ӏаьрб. كسوة الكعبة — кисват аль-каӀбат) — айаташ тӀехь долу шаршу.
- ШагатӀулган аса — хьалха баьццара яра, а хӀинца кӀайн ю.
- ИбраьхӀим лаьттина меттиг — ИбраьхӀима цӀа дуттучу хенахь, лаьттина меттиг..
Билгалдахарш
Wikiwand in your browser!
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.