исламан пайхамар From Wikipedia, the free encyclopedia
Исма́Ӏил (Ӏаьр. إِسْماعِيل) — иза исламан пайхамар ву, ИбрахӀим пайхамаран а, ХӀаджаран а воккхах волу кӀант а ву. Цуьнах тӀаьхьенах схьаваьлла ву Делан элча а, пайхамар а Мухьаммад ﷺ.
ИсмаӀил АллахӀ-дала ваийтина Уммат Пайхамар вара, шен ден «ИбрахӀиман дин» даржо, Ӏаьрбийн махкахь. Наггахь Къуръан тӀехь хехош ву иза. АллахӀ дина омарца ИсмаӀила шен деца ИбрахӀимца КаӀбат (ХьаьжицӀа) дира. ИбрахӀим пайхӀамаран 86-шо долчу хенахь дуьнен чуваьлла ИсмаӀил.
АллахӀ-дала хаам бинера, ХӀаджар а, ИсмаӀил а гена махка дӀадига аьлла, цо иза кхочуш дира. ЯахӀума дӀа а йаьлла, цуьшинна мацалла хаалора, ИсмаӀил гӀора дайна охьавоьжнера. ХӀаджар б арз йелла дӀа-схьа уьдура шинна лам тӀе, Сафа а, Марват а. ИсмаӀил воьлуш гира, цуьнан когашкахь лаьттар арадетташ хи дара, и хи дара «Замзам».
Оцу метте Ӏаьрбойн къам кхечира, царех цхьа йоӀ ИсмаӀила маре йалира. Оцу метте ИбрахӀим кхечира, шен доьзал лаха. Иштта цунна карийра и шиъ ХӀаджар а, ИсмаӀил а.
ИбрахӀиме дала кхин цхьа хӀума тӀедиллинера: «ИсмаӀилан урс хьакхар, гӀурба дар», иза кхочуш дан гӀортир иза. Дала цуьнга Ӏад вита элира ИсмаӀил, цуьнан меттан уьстагӀ баийтира.
Шен нана дӀакхелхича ИсмаӀила зуда йалийра ДжурхӀум — олучу къомаца йерг. Цхьана и шиъ дӀасакъаьстира, уха а цо царех йолу кхин зуда йалийра. Ӏаьрбийн генеалоган тӀехь мабаххара, ИсмаӀилера схьабевлла «къилбаседера Ӏаьрбий» уьш Ӏаднаниташ бу. ИсмаӀилан каш КаӀбатан (ХьажицӀа) уллохь ду, цунах «Хьиджр ИсмаӀила» — олу. ИсмаӀил вина 5-шо даьлча Саратас — Исхьакъ-пайхамар а вира.
ИбрахӀима а, ИсмаӀила а АллахӀна гӀуллакх нахе дайта дина хилла КаӀбат. Амма Дела цхьаъ веш боцчу наха шайн «деланаш» бу бохуш цхьацца жӀараш, тӀулгаш суьрташ цу цӀачу кхехьна а, царна шайн «ламазаш» деш а хилла.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.