![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/7/7a/Shahadah-1.svg/langce-640px-Shahadah-1.svg.png&w=640&q=50)
Исламехь пайхамар
исламехь пайхамар / From Wikipedia, the free encyclopedia
Пайхамар (Ӏаьр. ٌّنَبِي набӣ), д. т. пайхамарш (ُأَنْبِیَاء анбийа̄ъ) — уьш Дала хаьржина нах бу, Шена цхьанна Ӏибадатдаре нах тӀеберзо бахкийтина, уьш гӀиллакхашка кхайкха а, цӀушна Ӏамалйарах а, цамагийначарах (хьарамнаш) а уьш йухабахийта а. Къуръан чохь хьахийна 25 пайхамар а, элча а ву. Иштта цу чохь хьахийна ду, Дала кхин пайхамарш а, элчанаш а бахкийтина аьлла, лаьтта тӀехь хиллачу тайп-тайпанчу къаьмнашка. Къуръан чохь деана ду: ﴾Хьол хьалха а эхийтина Оха элчанаш. Царна йуккъехь Оха хьуна бийцинарш а бу, Оха хьуна цабийцинарш а бу. Цхьана а элчано Ӏаламат гайтина дац АллахӀан пурбанца бен. Ткъа АллахӀан омра деъча, бакъ йолу кхиэл йийр йу, тӀаккха харцлийнарш да̄къазабевр бу﴿ [Къуръан 40:78].