Бусалба
ислам динехь волчуьнан цӏе / From Wikipedia, the free encyclopedia
Бусалба (Ӏаьр. ٌمُسْلِم муслим (бож. род), مُسْلِمَةٌ муслимат (зуд. род)) — иза Аллахӏ дела хиларца мукӏарло а деш, ислам дин хиларца а, Мухьаммад ﷺ пайхамар а, элча а ву аьлла тӏаьхьа а возуш, Къуръан нах нисбеш долу жайна а ду аьлла, исламан пхи бӏогӏам кхочуш а беш волу стаг ву.
Бусалба нехан сийлахь долу жайна — Къуръан ду. Къуръан — Делан дош ду, Мухьаммад пайхамарна ﷺ Жабраил маликехула доссийна. Бусалбанаш тIаьхьабозу Къуръанна а, кхин а Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашна а, уьш йаздина ду ламасталлин хьадисийн гуламехь (суннатехь)[1].
Бусалба стаг теша веза, Дела (АллахӀ) гуттаренна вуй, трансцендентан а, накъост воцуш а вуй (хьажа тавхьид). Царна хаа деза, АллахI шеха тера хIума долуш вац, хIуъа а далуш ву, доьзал хуьлуш вац, ша вина а вац (Аль-Ихлас). Бусалбанаш теша беза, ислам тIаьххьара тIегIа йу динан, деана долу пайхIамаршкахула Нухьехула а, ИбрахIимехула а, Мусахула а, Ӏийсахула а. Хьалхалера Жайнаш а, Делан хаамаш а йукъ-йукъахь хийцина галдаьхна ду (тахьриф)[2], ткъа Къуръан ду тIаьххьара а, хийцанза а Делан къамел[3]. Бусалбанаш теша беза Мухьаммад тIаьххьара пайхамар хиларх а, цул тIаьхьа кхин пайхамар хирг ца хиларх а.