From Wikipedia, the free encyclopedia
БангӀара (страби́зм, от шир.-желт. στρᾰβής — гома, йа гетеротропи́, схьадаьлла шир.-желт. ἕτερος — кхин + шир.-желт. τροπή, τροπά — дӀахьаьвзийла) — хьожучу объект тӀера хьажаран семанаш дӀатаӀар, цуьнца буху бӀаьгийн координацин болх, гаран объект тӀехь ший а бӀаьрг сацо хала хуьлу. Объективан симптом — бӀаьрган пардон симметрин хьал дац, бӀаьрг-негӀарийн йисташца а, сенашца а.
БангӀаралла шина кепара хуьлу: вечу хенахь дуьйна йерг (йа винчу хьалхара 6 баттахь гучуйаьлла) а, схьаэцна а.
Дукха хьолехь къаьстина бангӀаралла хуьлу анакепара: чучча бангӀара (convergent strabismus йа esotropia) а, дӀасхьа бангӀара (divergent strabismus йа exotropia); амма наггахь хила тарло хьала-охьа а (хьалатаьӀна — гипертропи, охьатаьӀна — гипотропи).
БангӀаралла — берийн патологех угара дукха хуьлучех цхьаъ йу. 85 % пациентех и цамгаран дарба хирургин нисдарш ду, 15 % бангӀарнаш тобан таро йу консервативан дарбанан гӀоьнца.
БангӀараллин хирургин Ӏалашо — бӀаьрган хӀоъ нисбар, тӀаьхьа бинокуляран (шина бӀаьрган) а, стереоскопин (чулацаман) а бӀаьрса кхиор.
Хирургин дарбанан экспериментан хьесапех цхьаъ ду бӀаьрг лело оьзган ботулотоксин маха тохар. Баккхийчарна а, берашна а дарбанна леладо уьш.
Оцу хьесапан механизм йу, оьзг сацайо мехо, тӀаккха шен агӀор дӀа ца ийзайбо бӀаьрг.
Косоглазие: причины, симптомы и аппаратное лечение
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.