From Wikipedia, the free encyclopedia
Ахма́дов, Муса́ Магоме́дович (1956 шеран 28 январь, ГӀиргӀазойчоь, СССР) — гӀарваьлла нохчийн йаздархо, поэт, драматург, Нохчийн йаздархойн бертан дакъашхо, Нохчийн Республикин культурин Сийлахь белхало, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо, Кавказан йаздархой клубан вице-президент, литературин исбаьхьалли «Вайнах» журналан коьрта редактор, 2006 шарахь «Дато бухӀа» совгӀатан лауреат.
Ахмадов Муса Магомедович | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | поэт, йаздархо |
Вина терахь | 1956 шеран 28 январь (68 шо) |
Вина меттиг | ГӀиргӀазойчоь, СССР |
Корматалла | йаздархо, поэт, драматург |
Гражданалла | СССР → Росси |
Да | Мохьмад |
Муса Ахмадов вина 1956 шеран 28 январехь. 1979 шарахь цо чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цул тӀехьа хьехархо болхбина, книжни издательствон редактор, «СтелаӀад» журналан коьрта редактор, «Орга» боху литературин исбаьхьаллин журналан коьрта редактор, культур Министерстван методически центран отделан куьгалхо, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо. 2000 шо дуьйна 2002 шо кхаччалц «Дуьненан лоьраш» аьлла Францера организацехь этнопсихолог болхбина. 2004 шо дуьна тахналлац «Вайнах» богӀу литературин исбаьхьаллин журналан коьрта редактор ву иза.
Цо йазйина «Берзлой» боху пьеса арахецна Парижехь 2002 шарахь французийн маттахь. Оцу пьесица хӀоттина спектакль «Дом восточно-европейской пьесы» театрехь 2005 шарахь.
Вузашна а, школашна а лерина цо йазйина нохчийн меттан, этикин, культурин методически пособиш а, доьша программаш а.
Цо йазйина книжкаш арахецна оьрсийн а, балкхарой а, французийн а, японийн а, немцойн а меттанашкахь.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.