А́хьмадаба́д (гудж. અમદાવાદAmdāvād, инг. Ahmedabad, хӀинди अहमदाबादAhmadābād) — ХӀиндин малхбузера, Гуджарат штатан уггаре йоккха гӀала, ХӀиндин уггаре йаккхийчу, бахархойн барам 5,8 миллион волу, пхеаннах цхьаъ, цуо кхуллу шен бахархошца ворхӀалгӀа гӀалин агломераци 6,3 миллион вахархочунца. Лаьтта Сабармати эркан бердашца 30 км гена штатан коьрта шахьарна Гандинагар гӀалин. Административан йукъ йу Ахьмадабад гуонан.

Доца факташ Ахьмадабад, Пачхьалкх ...
ГӀала
Ахьмадабад
гудж. અમદાવાદ, инг. Ahmedabad
Thumb
23°02′ къ. ш. 72°37′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  ХӀинди
Штат Гуджарат
Мэр Gautam Shah[1]
Истори а, географи а
Йиллина 1411 шеран 26 февраль
Дуьххьара хьахор XI бӀешарахь
Хьалхара цӀерш Ашавал (Ашапали)
Майда 1300 км²
Центран локхалла 53 м
Сахьтан аса UTC+5:30
Бахархой
Бахархой 5 570 585 стаг (2011)
Луьсталла 4285 стаг/км²
Агломераци 6 352 254
Къаьмнийн хӀоттам гуджарати а, кхин а
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +91 79
Поштан индексаш 3800xx
Автомобилан код GJ-1
egovamc.com
Картин тӀехь
Thumb
Ахьмадабад
ДӀачӀагӀа
Доца факташ
Thumb Дерригдуьненан тӀаьхьало ЮНЕСКО, объект № 1551
оьрс.англ.фр.
ДӀачӀагӀа

1960 - 1970 шерашкахь Ахьмадабад хилла коьрта шахьар Гуджарат штатан, цул тӀаьхьа коьрта шахьар хилла Гандинагар. ГӀалах наггахь олу Карнавати хьалха цигахь хиллачун сийна. ГӀала йиллина 1411 шарахь, гуджаратан султанатийн коьрта шахьар хилла, цӀе тиллина цхьаьна султанан, Ахьмад-шахан сийна.

ГӀалахь къегина текстилан промышленность, иза бахьнехь цунах наггахь олу «Малхбален Манчестер». ГӀала хилла хьалха ХӀиндин маршонан къовсамехь, цигахь XX бӀешеран хьалхарчу декъехь хилла гражданийн ла ца догӀаран акцеш.

Гуджарат штат кхоллар бахьнехь, Ахьмадабад хийцаелла баннийн, четарийн гӀаланера Ӏилманан-дешаран, коммерцийн, оьздангаллин йукъ айаделлачу тӀекӀела цӀеношца, йохк-иэцаран йаккъашца.

Ахьмадабадан истори

Археологин талламаш гойту, гӀалин махка нах XI бӀешарахь хевшина хилар, цигахь кхоллаелла Ашавал гӀала. Оццу хенахь, соланкийн Анхилваран урхалчо, Карандев I, аьттонца тӀом бира бхилийн паччахьан Ашавалан дуьхьала. Толам баьккхина дукха хан йалале, Каранвед I Ашавалан меттехь йиллира Карнавати гӀала, иза йара Сабармати эркан бердаш тӀехь хӀинцалерачу Ахьмадабадан меттехь. XIII бӀешарахь гӀала а, йерриг Гуджарат а карайахна Делин султанатан Ӏедалан.

1411 шарахь МузаффаридгӀаоа кхоьллина Гуджаратан султанат. Ламастаца, шен кампани Сабармати эркан бердаш тӀехь дӀахьуш, султан Ахьмад Шахан гира, пхьагал жӀаьлин тӀехьайаьлла лелаш, оцуо дог айбина, султан сацам бира шен коьрта шахьар оцу меттигехь йилла. 1487 шарахь, Махьмуд Бегадас, Ахьмада Шахан кӀента кӀанта, гӀала чӀагӀйира арахьа 10 км пен боьттина 12 ков а, 189 бӀов а, 6000 бӀарол а йолуш. Ахьмадабад МузаффаридгӀеран Ӏедалан кӀелахь лаьттира 1573 шо кхаччалц, оцу хенахь тӀаьххьара Гуджаратан султан, Музаффар II вуьйжира моголийн султан Акбар Сийлахьчуьнца хиллачу тӀамехь.

Сийлаллаш

  • Сиди-Башир маьждиг
  • Сабармати Ашрам

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.