Аре
From Wikipedia, the free encyclopedia
Аре́наш — майданца даккхий лаьттан а, хӀордан а, океанан а дакъош, церан амалехь йу: меттиг цхьаьна агӀора таӀар (5° кхаччалц), кӀеззга локхаллийца йоккха башхалла ца хилар (200 м кхаччалц); бӀенаш метраш башхалла йелахь а, амма иза хуьлу йехачу меттиг тӀехь. Цундела и башхалла бӀаьрган башха къаста а ца ло.
Аренашна а, лаьмнашна санна тектоникан леларш хуьлу, амма жимачу градиентца (1—2 м/км кхаччалц). Ша дерг вовшахтоьхча, нийсачу рельефо дӀалаьцна 65 % латта. Уггаре йоккха дуьненан аре: Амазонкан аре (5 млн км² сов).