From Wikipedia, the free encyclopedia
Азербайджанан Республикин байракх (азерб. Azərbaycan Respublikasının bayrağı) — Азербайджанан Республикин официалан пачхьалкхан символех цхьаъ (хӀостца а, шатлакхан иллица а цхьаьна). Байракх тӀеэцна 1918 шеран 9 ноябрехь Азербайджанан Демократин Республикин (АДР) пачхьалкхан байракх йина, иза лаьттира 1920 шо кхаччалц. 1991 шеран 5 февралехь байракх тӀеийцира, оцу шарахь шен маршо кхайкхийначул тӀаьхьа, Азербайджанан Республикин пачхьалкхан байракх йина.
Пропорци | 1:2 |
---|---|
Байракхан автор | Хьусейнзаде Ӏали-бек[1] |
Символаш буха тӀе ялор |
Беснаш[прим. 1]: айсина — туьркийн маршо, цӀиен — керла зама, баьццара — исламан оьздангалла. Ах бутт — ислам, бархӀ са болу седа — туьркийн къаьмнийн 8 га[прим. 2] |
Хьалхалера байракхаш | |
|
|
Пропорци | 1:2 |
Азербайджанан Республикин президентан Алиев Ильхаман 2009 шеран 17 ноябран омарца Азербайджанан Демократин Республикин сий деш хӀора шеран 9 ноябрехь даздо «Пачхьалкхан байракхан де».
Азербайджанан Республикин байракхан агӀонийн пропорци — 1:2. Байракх ю кхаа басахь. Асанаш (айсийна, цӀиен, баьццара басахь) лаьтта анаца. Байракхан юккъехь цӀиенчу асан тӀаьхь лаьтта бархӀ са болу седа а, ах бутт а. Ший а сурт кӀайн басахь ду. Айсина басо гойту туьркалла (мехкан коьрта бахархой — азербайджанаш — туьркийн мотт буьйцу къам ду, республикин пачхьалкхан мотт — азербайджанийн мотт бу), цӀиен басо гойту модернизацин агӀо а, демократи кхиар а, ткъа баьццара басо гойту ислам динехь хилар[2][1].
Азербайджанан къоман кхеташон хьалхара председатель Расулзаде Мамед Амина Азербайджанан Демократин Республикин парламентан гуламехь иштта шен къамелехь билгаладаьккхира, кхо бос болу байракхо гойту туьркийн маршо, исламан оьздангалла, тахане. Ткъа Азербайджанан Республикин шатлакхан иллин музыкин автор Гаджибеков Узеира яздира, байракхан маьӀна ду: сийначу басо — туьркизм, баьццара басо — ислам, цӀиен басо — прогресс а, оьздангалла а[3].
Байракх тӀиера ах бутт исламан символ ю, ткъа бархӀ са болу седа, Хойн Фатали ханаца, гойту указывает «Азербайджан» цӀеран йукъара 8 элп (Ӏаьрбийн абатера)[4]. Хета кхин а, бархӀ са болу седа туьркийн мотт буьйцу къаьмнийн бархӀ га долуш санна[1], уьш ду азербайджанаш, оттоманаш (туркой), джагатайш, гӀезалой, кхазакхаш, кыпчакаш, сельджукаш, туркменаш[5][6]. Цхьаболчу талламхоша билгаладоккху, оцу хенахь кыпчакаш олура кхазакхех а, гӀиргӀазойх а, иштта билгаладоккхура, АДР шерашкахь туьркийн къаьмнийн классификаци къаьсташ яра таханлерачух[7]. Кхечу хаамашца бархӀ са болу седано билгаладоккху Азербайджанехь деха ламастан 8 къам[8].
Азербайджанан Республикин Конституцин 23-гӀа яззамехь даладо пачхьалкхан байракхах дерг:
II. Азербайджанан Республикин пачхьалкхан байракх лаьтта кхаа шораллехь цхьатерра йолчу анна асанех. Лакхара аса — айсийна, юккъера аса — цӀиен, лахара аса — баьццара бесаш долуш ю, цӀиен асан юккъехь байракхан шинне а агӀора биллина кӀайн басахь бархӀ са болу седанца ах бутт. Байракхан шораллин йохаллийн барам 1:2 бу.
Дуьххьарлера йоза (азерб.)II. Azərbaycan Respublikasının Dövlət bayrağı bərabər enli üç üfüqi zolaqdan ibarətdir. Yuxarı zolaq mavi, orta zolaq qırmızı, aşağı zolaq yaşıl rəngdədir və qırmızı zolağın ortasında bayrağın hər iki üzündə ağ rəngli aypara ilə səkkizguşəli ulduz təsvir edilmişdir. Bayrağın eninin uzunluğuna nisbəti 1:2- dir.
Азербайджанан Республикин «Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан байракх лелоран бакъонех» долчу законехь юьйцу пачхьалкхан байракхан нийса бесан амалш[9]. 2013 шеран 22 октябрехь законан хийцамаш бира[10], бесаш Pantone Sky Blue 306 C, Pantone Red 032 C, Pantone Green 362 C хийцира:
Бесан модель | Айсийна | ЦӀиен | Баьццара |
---|---|---|---|
Pantone | 306 C | Red 032 C | 362 C |
RGB | 0, 181, 226 | 239, 51, 64 | 80, 158, 47 |
CMYK | 75, 0, 5, 0 | 0, 86, 63, 0 | 78, 0, 100, 2 |
Hex | #00b5e2 | #ef3340 | #509e2f |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.