From Wikipedia, the free encyclopedia
Асида (Ӏарб.:عصيدة ‘aṣīdah) — кӀен демах дина ламастан Ӏаьрбийн даар, наггахь тӀетуху налха йа моз. Наггахь берам туху цестина жижигах, томатах, сарамсекхах, йетта шурех бина[1]. Даар чӀогӀа даьржина ду Ливехь, Тунисехь, Суданехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчохь, Яманехь. Асида йуу куьйгашца.
Иза дукха хьолахь хьалха дуьллу динан Ӏиданашкахь, масала Мавлид а, Мархан а, ткъа иштта диначу беран ворхӀ де кхочуш акъикъатан а[2].
Дан атта а, амма токхе а даар, кхин цуьнца хӀумма а ца ло, Ӏуьйрен хьалха дуьллу, ткъа иштта доьзалхо винчу зудчуьнга а дууьйту[2].
«Асида» Ӏаьрбийн дош ду, иза даьлла عصد («asad») орамах, иза гочдича «хьийзо» бохург ду.
ДӀайаздинчех уггаре хьалхарчех асидан цхьа рецепт карийна итталгӀачу бӀешеран Ӏаьрбийн Ибн Сайяра аль-Варракъан дааран «Китаб аль-Шаби» (Ӏаьр. كتاب الطبيخ) цӀе йолчу жайнахь[3][4] It was described as a thick pudding of dates cooked with clarified butter (samn)[5].
Асида хьахийна XIII бӀешарахь испанин-бусалбанийн йуургийн жайнахь. Хууш ду, XIII—XIV бӀешерашкахь лаьмнашкара Эр-Рифехь кӀен демах ца дорий, ткъа лелабора кхаьрзина мукх. XV бӀешеран гергахь тоха долийра арганан даьтта, иза йаздина Ӏаьрбийн географо Африкин Лоьмас (1465-1550 гергга), бусалба нахана вевза Хьасан аль-Вазан цӀарца[2]. Французийн Ӏилманчо Максим Родинсона дийцарехь, асида дара акха Ӏаьрбийн исламал хьалхарчу муьрера мискачу нехан даар[2].
Ливехь асида йуу башха мерза хурманийн йа маӀан диттан шатӀца йа мозца.
Тунисехь и даар охьадуьллу моз а, даьтта а иэдой цхьаьна, йа кӀуо томатийн берамца. КӀуо берам дукхах дерг сарахь ло, ткъа моз, даьттан иэдар - хьалха. Ассида кхин а дуу хурман шатӀца Тунисан къилбехьа.
Йоккхачу цӀеран тӀе йалгӀу хӀоттадо, тӀаккха тӀе кхехка хи дутту. Меллаша буьйнахь тӀе буьртигахь кӀа духку, тӀаккха сиха кегадо боккхачу оьрзан Ӏайгаца, гӀорзолгаш ца хилийтархьама. Иза йух-йуха до иэдар дукъдаллалц. Йуург ечо охьадуьллу йалгӀу лаьтта, шен когара тударкаш довхачу йалгӀун гонаха а хьовзадой, сихха бод кего волало. ТӀаьххьара, даьтта хьаькхна куьйгашца, бовха Ӏаьнарбаьккхина бод кепа туху, тӀаккха буьллу шуьйрачу дечиган кеда.
Наггахь асидан йукъахь ор доккху тӀе бовхачу чили бурчаца йа хелбица томатан берам бутту, берамах туху липпар, чам-буц, саьрмасекх. УьстагӀан йа котаман жижиган дакъош охьадутту асидан гуонаха. ТӀаккха довха а долуш охьадуьллу.
Асида иштта кечдан таро йу кӀайн. Цул сов, мо злело мега чорпан а, чилин йа хельбан меттана.
Ассида (Ӏаьр. عصيدة) коьртачех даар ду Яманехь, хьалха дуьллу дукхах дерг делкъена а, пхьорана а. Иза деш леладо дийна буьртигаш болу кӀа, кхехкаш долу хи, оьшшучул туьхьа.
Дукха хьолахь охьадуьллу кхехкаш доллушехь, дуу куьйгашца йа Ӏайгашца.
Асида алсама дуу делкъехь а, мархин баттахь а.
ХӀиндонезехь азида каро тарло Молуккан гӀайренаш тӀаьхь. И даар кхаьчна кхуза Ӏаьрбийн кухни чуьра. Алсама дуу мархин баттахь.
Суданехь даар дуу томатан берамца.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.